Дагестанерчу Цумадинскан кIоштарчу Агвали эвлахь маьждиган керла имам хаьржина. Кхул хьалха хилларг леттера цхьахволчу вахархочух, "ца ваьлла веана" иза дарже аьлла, инстаграмехь шена цо йитинчу комментарийна тIехула. Кадимагомедов Магомедсайгид ву керла имам.
Кавказ.Реалиига дийцина цунах лаьцна маьждиган кхеташонан декъашхочо Маштихи Iабдурахьима. Цо дийцарехь, дахначу шинарин дийнахь меттигерчу бахархоша ларбира муфтиятан векалш, амма цара тергал ца дира кхеран цхьанакхетар, цундела шайггара хаьржина, дIахIоттийна цара имам Кадимагомедов.
"И сацам тIеэца безарг муфтят ю, хIунда аьлча, жайнаш тIехь яздина ду, хьан хоржуш ву имам. Имам наха къастош ву. ДжамаIатан сацам тIеэцар ю муфтиятан Iалашо. Амма муфтиятерчу наха бохура, шайн стаг тхан маьждиган имам хIоттаваллалц, шаьш юхадевр бац", - аьлла Маштихис.
Дагестанан муфтиято цкъачунна шайна хетарг аьлла дац Агвалихь керла имам хIотторах.
Оцу маьждиган хьалхо хиллачу имаман Исаев Рамазана бахарехь, юьртахоша керла имам хоржучу заманчохь цхьа а бахьана ца дуьйцуш полициехь латтийнера иза.
Исаевна реза бацара юьртара джамаIатхой аьлла дийцина Кавказ.Реалиига Цумадинскан кIоштан куьйгалхочун гIовса Магомедов Халилула.
Маршо Радионо яздира, Дагестанерчу Цумадинан кIоштарчу Агвали эвлахь меттигерчу маьждиган имам цхьахволчу вахархочух леттачул тIаьхьа зулам дала тарло аьлла, полисхой тIеозорах. Герзах боьттина ницкъхой оьзна эвла, чу-ара бовлар шайн тергоне эцна полицино, дуьйцура хаамашкахь.
Кхушеран Дечкен-баттахь нах вовшахлийтира Дагестанерчу Тарки эвлахь, оцу инцидентехь велира ши стаг
Оццу беттан 6-чохь меттигера бахархой вовшахкхеттера, наркотикашна дуьхьало латтон 23 шо долу жигархо Абдурагимов Вали вер дийцаредан. Гуламехь вовшах тийсабелира, шина стаган уьрсан чевнаш а еш, тIаьхьо дарбан хIусамехь дIавелира и ший а.