ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузен мехкашкара итт векал араваккхар тIедожийна туркойн президенто


Эрдоган Реджеп
Эрдоган Реджеп

Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа омра делла арахьарчу гIуллакхийн министраллана, пачхьалкхера итт Малхбузен векал араваккха аьлла. Бу царлахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Германин а, Францин а векалш а. Daily Sabath газетан буха тIехь яздина цунах лаьцна Оьрсийн Свобода Радионо. Пачхьалкхан Iедал карчон гIортарна шеконашка эцна туркойн филантроп Кавалу Iосман маьршаваккхар доьхуш, кхайкхам барца доьзна ду аьлла, кхетийна шайн гIулчах.

Истамбулан прокуратуро 2016-чу шеран Мангал-баттахь Iедал карчо гIоьртинчех ву аьлла, бехкевина иза лаьцна латтош ву.
2013-чу шарахь Истамбулехь дуккха а адам ара а даьлла, дуьхьалонан акцеш дIаяьхьначул тIаьхьа Iедал дохо гIоьртина аьлла, дехкинчу бехкех хьалхаваьккхинчу муьрехь юха а кхеле озийра иза.

Кавалу дIахеца аьлла, кхайкхамбира кху кIиранах Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Германин а, Францин а, Нидерландийн а, Канадин а, Керлачу Зеландин а, Данин а, Норвегин а, Финляндин а, Швецин а векалаллаша.

НАТО-н декъашхо ю Туркойчоь, иштта кандидат ю иза Евробертан пачхьалкхех дIакхета лаарца. ХIетте а оцу массо а пачхьалкхан векалш нон грата персона аьлла, дIакхайкхор бу.

Еарин дийнахь ЭрдогIана дIахьедира, дипломатийн бакъо яц Хонкарна хьехарш дан цуьнан дозана тIехь аьлла. "Шу муьлш ду дан а?", - элира хIетахь президенто.

  • 2016-чу шеран аьхка Туркойчохь Iедал карчо гIортор бахьанехь йолийра репрессин кампани. Туркойчоьнан Iедало балхара мукъаваьккхина 3900 стаг. Бара царлахь пачхьалкхан белхахой, тIеман даржашкахь хилларш, жандарамаш.
  • Туркойн официалан хьосатано Official Gazette хаамбиа, балхара дIабаьхначарлахь 1100 сов юридикан министраллан белхахой, 480 хьехархой, Iилман белхахой, 200 сов динан гIуллакхашкахула йолчу министраллан белхахой хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG