ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчохь зуда маьттаза ядорна лехаршка велла жима стаг


Франци - зуда ялор

Масех шо ду ГIалгIайн махкахь дешначу наха а, къанойн кхеташоно а цхьабарт а бина, зуда ядор дихкина долу. Иза дохийначунна ахчанца доккха гIуда а ду хIоттийна. Амма оцу дехкаре а ца хьоьжуш меттигерачу вахархочо Евлоев фамили йолчу жимчу стага, Кантышево эвлара шена езаш йолу йоI ядийна накъосташца. Ядор-м везаш а волуш хиллехь а цхьа хIума дара, амма дукха маьттаза, цхьанна а низамца ца догIучу кепехь дина цо иза. Шеца 8 накъост а волуш, церан неIарга а иккхина, оцу йоIан нанна а, вешина а йиттина цо. Дуьхьал тийсалуш йолу йоI а, маьхьарца йоллушехь дIайигна. Шен дагахь дайша лелийна гIиллакхца дина ша хета цунна и хIума. Амма иштта хеташ дукха нах бац. Дуьххьара оцу йоIан гергара нах а, юккъаралла а, Iедал а. Ала догIу, оцу кIанта и йоI дуьххьара ядош яц. ДIаяьллачу гуьйранна а, кху бIаьстан юьххьехь а ядийна цо иза. Шозза а схьаяьккхина хилла.
Нехан чу а лилхина, цу чуьрчу нахана етта а йиттина, йоI а ядийча полицино цхьанна а кепара билгаладаьккхина ца хиларо цецваьккхина мехка куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а. Цо сихонца схьа а кхайкхина кхеташо дIаяхьара ницкъаллийн структурийн хьакамашца. И гIуллакх тидаме ца эцарна бехке берш къастор а, иштта, талорхойн тIалатар динчарна догIу таIзар дар а тедожийна цо. Цу кепара зуда ялийна ша аьлла хетачу жимчу стаге а кхайкхам бинера Евкуров Юнус-Бека иза шен цIа ерзор.
ГIалгIайн юкъараллехь чIогIа емал деш ду ЕвлоевгIеран кIант динарг. Социалан машанехь шуьйрра дуьйцуш ду иза. Цхаьцца кхайкхамаш бо шаьш цунна а, оцу тIелатарехь дакъалаьцначу накъосташна а дан догIучу таIзарех. Цхьаболчара вен догIу боху, кхечара хеча а яьккхина вита веза боху. Амма цхьамма а и йоI цуьнгахь йита йогIуш ю ца боху. Иштта тасаделларг гергарло хир дац аьлла хета нахана. Яздархочун Кодзоев Асланна а хета хилларг цхьанна а кепара вайнехан гIиллакхашца догIуш хIума дац аьлла. Маршо радиога цу хьокъехь вистхуьлуш цо иштта элира.
Кодзоев: «Оцу кегий наха дина хIума харцо ю. Ненах а, вешех а леташ, йоI ядор вайнехан а, цхьанна а Iедалехь нийса хIума дац».
Дукхачу гIалгIашна ца лиира оцу хиламах комментари яла. Иза эхье гIуллакх ду, цундела ца лаьа шайна бохуш. Дуьйцуш санна доцуш дукха нах холчу хIоьттина и бахьнехь. И ша дерриг тидаме а оьцуш, цара и йоI ядийначул тIаьхьа, сихонца и гIуллакх ца теллинчу полисхошна а, и зулам динчарна а таIзар догIу, аьлла хета Кодзоев Аслана.
Кодзоев: «Зуда ядор цхьа масех шо хьалха дIадаьккхина ма дара. Кху шина шарахь хилла дацара ишттаниг. ХIинца нах чIогIа цецбевлла бу. Iедало сихонца цхьаъ дан дезара иза хаза ма хезнехь. Царна а, вукхаран а цхьана тайпана таIзар дийр ду аьлла теша-м лаьа».
Еарин дийнахь хаам баьржина ядйийна йоI цIаерзийна юйла а, иза ядош а, цуьнан нанна а, вешина а йиттинчеран хьокъехь таллам болийнила а. Церан нуц хила гIерташ хилла верг полицино лехаршка велла. КаравагIахь, лелачу низамашца 12 шаре кхаччалц чохь вала хан тоха мега цунна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG