Украинхойн Мариуполь схьаяьккхина бохуш, Кадыровс телеграме йохучу видеон доккхаха долу дакъа гIалин цхьана кIоштахь дIаяздина ду.
Юьйцург ю, Оьрсийчоьнан дозана гергарчу гIалин Левобережный кIошт. ЧIагIдарца, кадыровхоша кхиамца меттигаш дIалоьцучу операцех йохучу дукхахайолчу видеош тIехь кадыровхой бу Казачество скверан дозана тIехь яьхна, яздо "Новое время" ресурсо "Слідство.Інфо" гIирсана тIетевжина.
Журналисташа бахарехь, Мариуполян яккхий территореш дIаяхарх бух болу тоьшаллаш дац, Нохчийчоьнан куьйгалхочо, гIала нохчийн батальонийн карахь ю бохуш, дIахьедарш дахь а. Гоне ерзийна Мариуполь латтон ши кIира долчу заманчохь кадыровхоша видеош яржайора Мариуполера ю бохуш.
"Слідство.Інфо" ресурсо тергамбо Зазадокху-беттан 26-чохь яьккхинчу видеон, цу тIехь, чIагIдарца, Нохчийчуьрчу дакъойн эскархоша герзаш детта Оьрсийчоьнан бомбанаша хIаллакйинчу, яьссачу гIишлонна тIе. Оццу локацера, амма кхечу ракурсашкахь дIаязйина видеош гучуевлира Кадыровн телеграмехь Зазадокху-беттан 28-29-чохь. "ХIинцале а дIацIанйина кIошт цIанйора камераш тIехь" кадыровхоша, яздо хаамийн гIирсо.
Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь маьршачу нахана дуьхьал лелийначу зуламашна бехкебира украинхойн Iедалхоша кадыровхой. Доккхачу декъанна, Украинан президентан офисан куьйгалхочо Арестович Алексейс зорбане даьккхинчу оцу тептарехь Оьрсийчоьнан 13 дакъа дара, ю царлахь Кадыровн цIарах йолу 141-ра полк а.
- Украинан кхерамзаллин сервисо дIахьедира, Украинана тIелеттачу Оьрсийчоьнан эскаршца тIемаш бечу Нохчийчуьрчу тIемалойх бIе стаг вийна, бисинарш Зазадокху-беттан I3-чохь Соьлжа-ГIала юхабахна аьлла.
- Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
- Оьрсийчоьно Украинана тIелетта 42-ра де ду Охан-бетан 6-гIа. Британин тIеман министраллан зерашца, Оьрсийчоьнан эскаро дIахьош ду Донбассехь керла тIелатар дан тобанаш хийцар. Украинхойн Iедалхоша дIахьедо, Украинан малхбалехьа а, къилбехьа а, Мариуполехьа а баккхий тIемаш хир бу аьлла – Оьрсийчоьнан агIоно ницкъашца хийцам бинчул тIаьхьа.