ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Марсхой, Анлантида, Малхбузенан агенташ": жигархошна тIелетарш, уьш лечкъор муха кхетадо Нохчийчохь


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву шен куьгкIеларчу эскархошца, Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. 2014 шеран гIуран-беттан 29-хь
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву шен куьгкIеларчу эскархошца, Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. 2014 шеран гIуран-беттан 29-хь

Нохчийчуьрчу Iедало шина зуламна бехкейина малхбузенан леррина сервисаш: 20 шо долу Исмаилова Селима доьзалехь ницкъбарх йада гIортарна а, журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрана а Соьлжа-ГIалахь тIелатар дарна а. Регионехь криминалан зуламаш лелорна цхьа хьенехан Малхбузера агенташ бехкебеш дуьххьара дац меттигерчу хьаькамаша, амма цхьа а "агент" карийна вац хIинца а. Мила тешийта деш ду и дIахьедарш, "уггар кхерамзачу регионехь" герзаца болу диверсанташ паргIат муха дIасалела, оцу кепарчу къамелаша и зулам дайтинарш шаьш муха гучубоху, теллина Кавказ.Реалиин сайто.

Таллам барна дIадекъар

Товбеца-беттан 4-чу Iуьйранна шайн йаххьаш хьулйинчу наха сацийра адвокат Немов Александр а, "Новая газетин" журналист Милашина Елена а чохь хилла такси – нохчийн оппозицихойн нанна Мусаева Заремина хан кхайкхош йолчу кхеле новкъадаьлла хилла и шиъ. Цу дийнахь цунна хан тоха йезаш йара, кхелан сацаме ладогIа дагахь кхаьчнера и шиъ Нохчийчу – Мусаевин гIуллакх бакъоларйархоша масийттаза элира харц бехкашца долийна ду.

Машена чуьра охьадаьккхича, коьрта тIе тапча хIиттийра, пластикан турбанаш йиттира, когашца, куьйгашца ницкъбира, гора а хIиттийна, куьйгаш дIадихкинера, бохуш дийцира Милашинас. ТIаккха цуьнан месаш дIайешира, зеленка Iенийра цунна тIе. Журналистан хье лазийра чоьхьара, масийттанхьа куьйгийн тIехкаш кегйира (14 меттигехь). Адвокатна когах уьрсаца чов йира. Цаьрга кхеттош элира: Нохчийчу бахка ца оьшу, кхузахь ларван оьшуш стаг а вац.

Мусаевин кхеле кхин а кхоъ журналист а, цуьнан адвокат Савин Александр а веара, амма тIелеттачийн Iалашо билггал Милашина йара, тешна бу бакъоларйархой.

Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула волу Солтаев Мансур меттигерчу Iедалхойх дуьххьара цхьанакхийтира зен хиллачаьрца, царна кхерамазалла хилийтар а хьийхира цо. Амма шолгIачу дийнахь адвокат, журналист республикера дIадахча, цо дIахьедира, Милашина республике йар къобалдеш дац, тIаьххьаре а къадийра цо, "Госдепо шена тIедиллинарг кхочушдо" журналисто.

Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

И дийца хIоьттира республикан зорбанан министр Дудаев Ахьмад.

"ТIекхочучу Вильнюсера НАТО-н кхеташонна лерина (товбеца -беттан 11–12 денош. – Ред. билг.) вайн пачхьалкхана дискредитаци йархьама дина хила кхерам бу царна тIелатар кечдинчу наха и зулам, иза дагахь латто деза. Малхбузерчу лерринчу сервисийн лелар гучудолу кхузахь", – дIахьедира цо.

Иштта хьаькамо Милашина бехкейира "дерриг нохчийн къам сийсаздарна", бохура, къоманна тIе "эхь даийта" гIерташ йара иза, нах лечкъорах, Iазапехь латторах, "къайлахчу набахтех", ЛГБТК+ болчу наханна республикехь тIаьхьбевлла леларх цо талламаш бар бахьана долуш.

Къилбаседаатлантикан альянсан кхеташонехь дийцаре дан дезарг муха билгалдоккхур ду регионехь хиллачу тIелатаро, дуьйцуш дац. Иштта ца аьлла цара, Нохчийчуьрчу низам лардаран органаша хIунда хилийтина и тIелатар, йуха ца тухуш.

Оьрсийн Iедало Соьлжа-ГIалахь хиллачунна шога реакци йинехь а, республикан куьйгалле хеттарш ца дина цхьамма – оцу кепара тIелатарш масийттаза цигахь хиллашехь. Милашинас бинчу талламна тIехула Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира "Новая газетин" редакцина, цунах шех "террорхо" элира. 2020 шарахь журналистана тIелеттера Соьлжа-ГIалахь – зулам динарг, и дайтинарг а билгалваьккхина вац хIинца а.

Оцу кепара бехк биллира нохчийн омбудсмена Солтаев Мансура "Малхбузенан агенташна" 20 шо долчу Исмаилова Селимин гIуллакх гIардаьлча. Оьрсийн бакъоларйархойн гIоьнца Нохчийчуьрчу шен доьзалера йедира иза, цигахь ницкъбеш латтийнера иза. Мангал-баттахь из ааэропортехь лецира, пачхьалкхера йада гIертачу хенахь, тIаккха нохчийн ницкъахошка дIайелира – цара дега-нена йухайерзийра иза. Кхо кIира, ах кIира дара йоIах лаьцна хIумма ца хезаш, товбеца-бутт болалуш гайтира цунах лаьцна видео нохчийн телехьожийлехула – Селимас ша паргIат йаха йита элира, шена цхьамма ницкъ ца бо бохура.

Солтаев Мансур а, Исмаилова Селима а
Солтаев Мансур а, Исмаилова Селима а

Селиме йада аьлла цунна коьрте диллинарг "Малхбузера агенташ" бара, аьлла дIахьедира видео тIехь вистхуьлучу Солтаевс. Къилбаседа Кавказерчу кхачамбацарш хьоьгучу доьзалшкара йоIарий лоьхуш лела уьш, бохура цо. Кадыровн уллохь волчу омбудсмена бахарехь, церан Iалашо йу – психологин барамаш лелош, оцу йоьIаршка эмиграци а йайтина, цаьрга Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а дискредитаци йайтар.

Исмаиловина гIо латтийна йолчу "СК SOS" кризисан тобанехь оцу кепара дIахьедарш беламе, сонта ду элира – ша нохчийн йоIа шен дас кхехьийтина йолу аудиош хазийтира, цигахь цо цунна чIогIа йеттар йу, йуьйр йу бохуш кхерамаш туьйсура.

Жоьпалла цахилар гойтуш

Резонансе зуламашна шаьш гунахь доцуш санна кеп хIиттон гIерташ арахьарчу пачхьалкхашна тIе бехкаш дуьххьара дохкуш дац Нохчийчуьрчу Iедало. 2017 шарахь Кадыров Рамзана бехкейира украинхойн леррина сервисаш Окуева Амина йерна – Украинехьа тIом беш хилла йолу Дудаев Джовхаран цIарх йолчу лаамхойн батальонера лор йара иза. Зулам дарна шеконашкахь болчарлахь вара Нохчийчуьра схьаваьлла, кадыровхошца воьзна волу Хумаидов Салахь.

"Венера Анзор" цIарца вевзаш волчу Умаров Мамихана 2020 шеран чиллан-баттахь хаам бира, Кадыровн нах шеца зIене бевлира, Осмаев Адам вуьйш гIо дар доьхуш – Дудаевн цIарх йолчу батальонан буьйранча ву иза, иштта Окуевин цIийнда а. Масех бутт баьлча ша Умаров а вийра, тIаккха Нохчийчоьнан куьйгалхочо малхбузенан сервисаш бехкейира и дарна. Кадыровс бохург кхин теша мегар долуш ца хийтира – даймахкал арахьа бехачу нохчаша а, эксперташа а билгалдаьккхира, и зулам дарх пайда хинберг нохчийн Iедал бен дацара.

Оцу кепара шайна тIера бехкаш дIабахаран барам лелийра Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. 2018 шарахь Берлинехь нохчийн тIеман буьйранча Хангошвили Зеламха вийча, цо цкъа Малхбузе хьехайора, йуха цуьнан гонера нах буьйцура: "И зуламхойн го бу, цигахь хIуъа хила йиш йу". Амма и вийнарг хиллера оьрсийн лерринчу сервисийн белхахо – цунна валлалц чохь йаккха хан тоьхча, Москвано иза хийцор тIедожийра.

"КIоршамечу кепехь жоьпалла цахилар гайтар" ду элира нохчийн Iедало дуьйцург федералан цхьаволчу политолога, шен цIе ца йаккхар дехна цо, оьрсийн репрессийн кепехь долчу низамаш бахьанехь.

"И дIахьедарш гочдан йиш йу: массарна хаьа оцу тIелатаршца воьзна мила ву, и кхин башха лечкъош дац. Цул сов, и ма-дарра гучу а доккхуш, кадыровхоша туьйранаш дуьйцу, коьрта бахьанаш дуьйцу шаьш бохуш. ТIаккха иштта аьтто ма бара церан "Новая газетин" журналистана тIелатар дарна а, Европехь бехачу церан критикаш байъарна а гунахь марсхой, йа Антлантидан бахархой бу аьлла. Оцу дешнийн сонталло схьагойту: баккъала и зулам цхьамма а толлур дац, Нохчийчуьра Iедал цунах дика кхеташ ду", – кхетийна къамелдинчо.

Республика Iуналлехь латтош йу

Нохчийчохь тоталан контроль йу хIоттийна, Iедалан бакъо йоцуш республике ван йиш йац. Амма карахь герз долу зуламхой республикан коьртачу гIалахь паргIат дIасалелаш белахь, Кадыров Рамзана муха дIахьедо, пачхьалкхан "уггар кхерамза регион" йу Нохчийчоь бохуш, хаттар до нохчийн бакъоларйархочо Газиева Фатимас.

"Дерриг дуьненна кхеташ ду, Каляпин Игорьна Соьлжа-ГIалин йуккъехь тIелатар динарш, Политковская Анна, Эстемирова Наталья, Садулаева Зарема йийнарш, кхинболу Кадыровн Нохчийчоьнах лаьцна бакъдерг дийца бахьнарш байъинарш муьлш бу. Йеккъа цхьа оьрсийн талламхой бу и резонансе зуламаш дайтинарш муьлш бу ца кхеташ. Милашинина тIелеттарш а карор бац. Малхбузера леррина сервисаш йац уьш, Кадыровн киллерш бу Европехь болх беш, цуьнан критикаш дIабохуш", – тешна йу Газиева.

Оьрсийн Iедало "Малхбузенан леррина сервисаш" йуьйцучу хенахь цара гойту, шайна вай Iовдал хетий

Бакъоларйархочунна хетарехь, Нохчийчохь тIелатар дарна бехке берш тIаьххьаре а иммиграцехь бехаш болу республикан йозуш цахилар къуьйсурш бу эр ду. Масала, Нохчийн республика Ичкерин дозанал арахьара премьер-министр Закаев Ахьмад цара бехке винера, блогер Абдурахманов Тумсо верна. Амма шайна кадыровхошна хаьара, иза воьзна воций оцу гIуллакхца.

Пачхьалкхехь бехачу наханна шайн боцу ларам гойту Iедало, оцу тайпа тешаме доцу къамелаш дан долийча, тешна ву "Iазапашна духьало латточу тобанан" векал Хабибрахманов Олег.

"Цхьайолчу америкхойн мультфильмехь цхьа гайтаме меттиг йу: турпалхо наханна хьалха вистхила Iама гIерта, тIаккха цуьнан доттагIчо хьоьху цунна, шен къамеле "11 сентября" йукъатоъар (Нью-Йоркехь хилла уггар доккха терроран тIелатар, цуьнан гондхьа дуккха а конспирологин теореш гулйелла. – Ред.). ХIоразза а бен доцуш цо и дешнаш йукъатоьхча нах цунна куьйгаш детта буьйлало. Iовдалчу къомах лаьцна йаьккхина беламе сюжет йу иза. Оьрсийчоьнан Iедало оцу тайпа хIума лелош хилча, "малхбузера леррина сервисаша" йух-йуха йуьйцуш, вай шайна Iовдал хетий схьагойту цара", – боху Хабибрахмановс.

Цо билгалдоккху: шортта шайгахь герз долуш арахьарчу лерринчу сервисийн агенташа шайна луург Соьлжа-ГIалахь лелош хиллехьара, республике оцу минотехь йерриг ницкъаллин хьукматийн куьйгалхой схьагулалур бара.

"Нохчийчуьрчу Iедална лайфхак йала мега кхузахь: "Малхбузера лерринчу сервисашка" республикехь бакъоларйархойх пайда ца эцийта лаахь, цигарчу нехан бакъонаш хьеша ца йеза. Iедал низам лардан гIора кхочуш дацахь, бакъоларйархоша болх бо и болх. Оьрсийчоьнан Конституцехь йаздина ма-хиллара иза буьззинчу барамехь кхочушдеш хилахь "Iазапашна дуьхьало латторан тоба" санна йолу цхьанакхетарш кхин оьшур йац", – дерзийна Хабибрахмановс.

Вовшашца ца догIурш ца го йукъараллина

Бехк Малхбузенан лерринчу сервисашна тIе буьллуш нохчийн Iедалан къамелаш кхето тарло, шаьш ларбаран реакцица – дукхахболчу наханна хетачуьнца догIуш ду иза, аьлла хета социолог волчу Вилейкис Александрана. Украинера тIом болабелча иза Оьрсийчуьра дIавахара, хIинца AlmaU (Алматы Менеджмент Университет) доьшийлехь профессор ву.

"Оьрсийчуьрчу пропагандин тамашена йолу тIаьхьалонаш йац йуьйцурш, таханалерчу йукъараллин билналонаш йу. Цхьана агIора, пачхьалкхехь болх беш йолчу Малхбузенан сервисех теша тарло уьш, вукху агIор, уьш ларбеш долу ницкъ болчу Iедалех – цуьнгхьа хуьлу шаьш. Амма и ши дIахьедар вовшашца догIуш ца хиларна ойла ца йо цара", – дуьйцу эксперта.

Республикехь, ур-аттала цуьнан геннарчу кIошташкахь, а вуно кхераме мостагI ву шен зуламаш лелош, бохуш пропагандо тешош лелабо бахархой – арахьара болчу кхерамна хьалха уьш бертахь вовшахтохархьама, тIетуху Вилейкисо. Амма пропагандин а йоцуш, баккъала йолчу цуьнан эвсаралле хеттарш дуьссу.

2022-чу шеран чакхенгахь омбудсмен волчу Солтаев Мансура жоп делира адамийн бакъонехула йолчу ООН-н комитетан Къилбаседа Кавказерчу хьолах йолчу докладана. Республикехь, цо бахарехь, "цхьа а меттиг, йа арз гучудаьлла дац", адамийн бакъонаш хьешна аьлла. Цуьнца резабоцурш питанчаш бу элира цо. Бакъоларйархоша дIахьедора, Нохчийчохь нах лечкъорах, коллективе таIзарш дарх, нуьцкъаха Украине хьийсорах, Iазапехь латторах, къизаллаш лелорах, иштта журналисташна тIехьбевлла леларх.

ТIаьхьо Солтаевс Кадыровна "Хьакъволу Нохчийн республикан бакъоларйархо" аьлла мидал йелира. Бохура, "бахархойн конституцин бакъонаш, маршо а ларйарехь баккхийра кхиамаш бахарна" йелла иза.

  • "Новая газетин" журналиста Милашина Еленас дIахьедира, Нохчийчу оьхучара ша соцур йац аьлла. Цунах лаьцна "Живой гвоздь" проекте дийцина цо. Цул сов, нохчийн талламхошца къамелаш дийр дац цо, хIунда аьлча, цунна хетарехь, церан лелар "вуно сонта ду". Бакъоларйархоша иштта дIахьедо, тIелатар дарна бехнаш билгалбаха аьтто хир бу, гIуллакх кхечу регионерчу талламан органашка дIаделча.
  • Адвокатна Немов Александрана а, журналистна Милашина Еленина а тIелатар диначул тIаьхьа итт сахьт даьлча Кадыров Рамзана "луьстур ду" гIуллакх аьлла, дош делира.
  • Товбеца-беттан 4-чохь Нохчийчуьра кхело йукъарчу хьелашкара набахтехь даккха пхи шо, ахшо хан кхайкхийра Мусаева Заремина, курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а бехкейина. Оццул хан тоха цунна аьлла, тIедожийнера прокуроро а. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородера ЯнгулбаевгIеран петар чу лилхира кадыровхой. Цара лачкъийра суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин 52 шо долу хIусамнана, нохчийн жигархойн Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана Мусаева Зарема, бертаза дIайигира иза Соьлжа-ГIала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG