ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маса даьхкинчу хиша ваьхьна пхи стаг лоьху Дагестанан лаьмнашкахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Чехка догIанаш даьхкина, дистина тIедаьллачу хе ваьхьина пхи стаг ву лоьхуш Дагестанан лаьмнашкахь орцанхоша меттигерчу бахархошца цхьана. Гунибан кIоштахь доьза вайна ши стаг - Москвара а, Петербургера а цхьацца вахархо. Левашинскан кIоштахь хе яьхьна нана а, кIант а чохь хиллав "ВАЗ-2107" автомобиль.

Кхин а меттигера цхьа вахархо ваьхьина "Газель" машено Левашинскан кIоштарчу Куппа эвлахь. 300 метар дехьа машен хааелла, ткъа цуьнан урхалла дийриг карош вац, яздо "Интерфаксо".

Дагестанан орцан министралло хаам барца, йочанаш бахьана долуш Гунибан кIоштара 15 турист кIелхьараваккха дезна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG