ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов Асланан - 70 шо


Масхадов Аслан , 1998 шо
Масхадов Аслан , 1998 шо

Дукха а ду нохчашна эсехь диса язделларг. Дицлур доцчех цхьаъ ду президент Масхадов Аслан вер шена сийлалле дуьллуш, "ас нохчийн зударшна совгIатм дина, вийна Масхадов" аьлла, Дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь Оьрсийчоьнан цIарах Нохчийчохь куьйгалла дан хIоттийначу Кадыров Рамзана кхоьссина дозалла.

Масех куьйгалхо лаьттира Нохчийчохь, цо ша йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийначу шерашкахь. Массех вара президент хоржучу шина харжамашкахь дарж къовсуш а.

Масхадов Аслан адамаллица, нахаца ийна хиларца къаьсташ вара олу дуккха анаха. Цуьнан зорбан-секретар а, тIаьхьо Москвахь векал а хилла ву, тахана Парижехь веха историн Iилманча Вачагаев Майрбек. Цунна хетарехь, догкIеда стаг вара Масхадов бохург данне а дац иза буьйда куьйгалхо вара бохург...

Нохчашна тахана Iеткъарш ду Масхадов Аслан шен цIахь лаьтте верзийна ца хилар, Кремло цуьнан гергарнаш кошабарзах бахар. Страсбургерчу Европан адамамийн бакъонашкахула йолчу кхело бинчу сацамо элира, харц ю Оьрсийчоь Масхадовн гергарчаьрга цуьнан дакъа дIадолла дIацадалар.

Амма Оьрсийчоьно терргал а ца беш битина и сацам. Масхадов Асланан кIант Анзор тахана а вац шен ден кошан барз ца хира магийна Iаш, цуьнан оцу хьокъехь лаьтта къовсам Оьрсийчоьнан Iедалца тахана а.

Дуккха а къаьхьа а, ирча а, лазаме а хиламаш лелла кху шерийн муьрехь. Дуккха адамаша лар йитина нехан дегнашкахь, ойланашкахь. Шенна къастийначу дешнашца, дагахьбаллам къадорца йоккхуш хеза наха Масхадов Асланан цIе а.

Маршо Радио тIаьххьара зорбан гIирс хилира Масхадов Асланца къамелдинарг. Ша веле кхо де хьалха дара цо тхан хаттаршна жоьпаш делча.

Тахана, президентан Масхадовн 70 шо кхачарца доьзна Маршо Радионо карладоккху цуьнан маршонан аз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG