ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов шен дас лечуьра кIелхьарваьккхинера, боху Кадыровс


Масхадов Аслан
Масхадов Аслан

Ичкерин заманахь хилла хьаькамаш схьа а гулбина, цаьрца дуккха а сахьташкахь къамел дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цигахь хиллачара массара а емалбина нохчийн гIаттамхойн хилла хьалханчаш, 1990-чу шарахь федералан ницкъашна дуьхьал тIемаш бина болу. ТIаьххьарчу шина дийнахь "Грозный" пачхьалкхан телеканалан эфирехь шозза гайтина пхеа сахьтехь дIаяьхьна эфир.

Оцу цхьанакхетарехь Кадыровс дIахьедина, хIетахь Ичкерин муфтий хиллачу шен дас, Кадыров Ахьмада, президенто Дудаев Джохара Масхадов Аслан вен Iалашонца кечйина хиллачу кIелонах кIелхьарваьккхинера аьлла.

"Ичкерин заманахь Масхадов ве аьлла Дудаевс тIедиллинера Ямадаев Iумар-Iелина а, Собар-Iелина а, Халидна а, Саидов ИбрахIимна а. Сан дена хиънера цунах лаьцна. Ахьмад-Хьаьжас уьш вовшахтоьхна, аьллера: "Аш цунна цхьаъ дахь, ас и нахала доккхур ду, шун бакъо яц. Вай ларван веза Масхадов, хIунда аьлча, важа агIо шайтIанийн карахь ю. Магийта мегар дац иза вер, провокаци хир ю. Штабан куьйгалхо ма ву иза". Ишта кIелхьарваьккхира сан дас Масхадов", - дIахьедина Кадыровс.

Кхин дIа дуьйцу Нохчийчоьнан куьйгалхочо, ша 16 долуш кхиазхо волуш, цомгаш волу Масхадов лелийра ша шайн цIахь аьлла. Кадыровс бехкаш доху Масхадовн кIантера, Анзорера, оцу хенахь иза "деца вацара" бохуш.

"Анзор волчу цIа а вахана, ас боху: "Ахь хIун леладо? Со ву хьан да лелош, иза Iалашвеш, ткъа хьо къузахь хиъна Iаш ву. Эхь хета а хетий хьуна? Массо а нах арабевлла, хьо компьютерх ловзуш Iаш ву". Ас араваьккхира иза хIетахь цIера", - дуьйцу Кадыровс.

  • Ичкерин дуьххьара хилла президент ву Дудаев Джохар. Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIахадо луучу боламан куьйгалалехь вара иза. Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш яра Дудаевна тIаьхьаевлла, маситтазза цунна кIело ян а гIоьртира уьш. 1996-чу шарахь Охан-беттан 21-чохь вийра иза тIеман кеман ракетан тохарехь. Нохчийн Республикан Ичкерин президент Дудаев Джохар ша вуьйчу муьрехь телефонан зIенехь хилла Боровой Константинца. Цушимма шина сахьтехь къамел дечу юкъанна хецна Оьрсийчоьнан кемано Дудаевна тIе ракета.
  • Нохчийчуьрчу эскарийн штабан куьйгаллехь вара Масхадов Аслан махкахь хьалхара тIом боьдучу муьрехь. 1997-чу шарахь Ичкерин президент хаьржира иза. 2005-чу шарахь Зазадоккху-беттан 8-чохь вийра иза Толстой-Юьртахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIаяьхьначу лерринчу операцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG