ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машук ломахь Z элп дохийначу Нохчийчуьра вахархочо бехк цабиллар дехна


Харьковн кIоштахь йохийна Оьрсийчоьнан танк, Стигалкъекъа-беттан 13-гIа, 2022 ш
Харьковн кIоштахь йохийна Оьрсийчоьнан танк, Стигалкъекъа-беттан 13-гIа, 2022 ш

ТIеман спецоперацин символ Z элп Пятигорскерчу Машук лома тIехь дохийначу Гуьмсерчу вахархочо С.Рамзана видео дIаязйина, хаа а хууш, символ йохорна шена къинтIера довлар доьхуш.

Меттигерчу анониман телеграм-канало яржийначу видео тIехь С.Рамзана гечдар доьху Нохчийчуьра а, йоллу Оьрсийчуьра беллачийн гергарчаьрга.

1777.ru портало кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххошна тIетевжина хаамбарца, символ талхийнарш жоьпе озийна административан жоьпаллица "кега-мерса хулиганалла" аьллачу Iедалан къепехь.

Охан-бутт бовш гучуделира Машук лома тIехь Z элп. Субботник дIахьочу заманчохь хедийначу диттийн юьхкех диллина дара иза.

  • Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу бехк цабиллар доьху видеорепортажаш. "Сийсазе гечдар доьхучу видеон" тергойина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино дуьненаюкъарчу динан маршонех 2021-чу шарахь хIоттийначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчуьрчу зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яхар.
  • Юьхьанца Оьрсийчоьнан тIеман техникана тIехIоттош йолу Z символ тIелета "Запад" тоба лахъялар ду, аьлла туьдура интернетехь. Амма Оьрсийчоьнан тIеман министралло шен официалан инстаграм-аккаунтехь кхетийра цунах "Толамехьа" бохург ду аьлла. Карарчу хенахь Z элп гойла ду пачхьалкхан зорбанан гIирсийн пропагадистийн видеороликашкахь а, гIаланашкарчу реклама хIотточу у тIехь а, машенийн тIехьарчу куьзганаш тIехь а. Z элп дуьллу тIамна дуьхьал болчу жигархойн неIаршна тIе а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG