ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массарна а хьалха юьхьъяьхна Нохчийчохь некъан низамаш дохийначеран


Нохчийчуьра некъа тIехь, архивера сурт
Нохчийчуьра некъа тIехь, архивера сурт

Меттигера исс вахархо дIа а хIоттийна, цаьрга бехкаш даьхна Нохчийчохь пачхьалкхан инспекцин (ГИБДД) белхахоша некъан низамаш ца лардарна. Уьш бехкебина некъа тIехь кхераме хьелаш хIитторна. Соьлжа-ГIаларчу ГИБДД ДПС-н полкан дозана тIехь "профилактикан къамел" дина цаьрга, хаамбина урхаллан сайта тIехь.

"Аш машенаш хоьхку, къийса а луш, ягорг чуйуттучу социйлехь машенаш хьийзайо. Шуьгара нахана хьовзам ца хилийта лаьтташ ду тхо кхузахь. Шуна сингаттам Iоттабелла ца Iаш, шу бахьанехь бехк боцу адамаш а хIаллакх ма хуьлу", - боху видео тIехь нохчийн ГИБДД-н эпсаро.

Ницкъахойн версица, шаьш низамаш хьоьшучу заманчохь яьккхина видео, оцу машенлелорхоша шьаш социалан машане яьккхина хилла. Административан жоьпалле озийна уьш.

  • Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула а, меттиегрчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу гечдар доьхуьйту видеош. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.
  • Каемарана хьалха "къурд" аларо пайда бохьу аьлла хета нохчийн Iедалхошна. Нохчийн вице-премьерна Умаров Джамбулатна хетарехь, нахана хьалха дIа а хIоьттина гечдар дехар эхье хIума дац, мелхо а, шен сица оьздангалла а, гIиллакх а хилар ду. И практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза бохура цо.
  • Нохчийчуьра бахархой "аьшнаш бен" видеон терго йина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь. Талламчийн авторша хьехна Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG