ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мацалла кхайкхийначу Саакашвили Михаилера хьал талла консилиум вовшахкхетар ю Гуьржийчохь


Саакашвили маьршаваккхар тIедожош Тбилисехь хIоттийна митинг,2021
Саакашвили маьршаваккхар тIедожош Тбилисехь хIоттийна митинг,2021

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Саакашвили Михаилан могушаллин хьал эшна догIу. Журналисташка хаам бина цуьнан лоьро, 12 кила гIелвелла иза, лела хала а ду политикна аьлла. Ши кIира сов хан ю Саакашвилис камери чохь мацалла хьоьгу, хи а, чай а бен юууш хIума йоцуш. Лоьрашна хетарехь, цкъачунна дарбан цIийне охьавилла оьшуш дац. Делахь а, сацам бина консилиум кхайкха, кхин дIа ден долчух дийцаредан,яздо "Эхо Москвы" радиостанцис.

Мацалла юкъахъяккха дагахь вац Саакашвили, амма реза ву тестех чекхвийла а, молханаш мала а. Ша Украинан вахархо хиларе терра, набахте Украинан консул витар тIе а дожош, мацалла кхайкхийна цо.

ГIадужу-беттан юьххьехь лецира Гуьржийчоьнан экс-президент Саакашвили Михаил, иза пачхьалкхе юхавеача. Иза бехкево стаг верна а, йеттарна а, коррупци лелорна а, шегарчу бакъонел соввийларна а, бакъо йоцуш доза хадорна а. Мел лахара а набахтехь исс шо даккха тарло цо.

Хьалхо митингаш йолийра Гуьржийчохь Саакашвилин агIончаша. Цара кхайкхамаш бора, иза маьршаваккхар тIедожош. Оцу заманчохь акцеш а яра дIахьош, политик мел а веха лаьцна вита бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG