ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мазари-Шариф гIала а, Джелалабад а шайн караэцна тIалибаша, дIалоьцуш ю кхечу провинцийн шахьарш а


ОвхIанистан, Мазари-Шарифан символ - Сийна маьждиг
ОвхIанистан, Мазари-Шарифан символ - Сийна маьждиг

Американ зорбанаша хаамаш баржийна, провинциалан административан центрашна тIалибаша "маса" тIелетарш дарх, яздо оьрсийн Свобода Радионо. Яхначу шоьтан Iуьйранна дIахьедора, "60-65 процент гергга" ОвхIанистанан дозанаш тIалибийн контролехь хиларх.

Суьйранна тIалибаша шайга дIаерзийра Балх провинцин шахьара Мазари-Шариф - яккхийчу гIаланашлахь 4-гIа лоруш ю иза.

Associated Press агенталло хаам бина цунах лаьцна, "парламентан депутатна" тIетевжина.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ТАСС агенталло дIахаийтира Мазари-Шариф дIаяккхарх "Аль-Арабия" телеанална тIе а товжуш, ткъа цаьрга хаам бинера меттигерчу Iедалхоша.

400 эзар бахархой шена чохь болуш, коьрта йохка-эцаран а, транспортан а шахьар ю Мазари-Шариф.

Оцу юкъанна хаам кхаьчна "Талибана" тIом а ца беш яьккхина ОвхIанистанан малхбалера Джелалабад гIала аьлла. Reuters агенталло Джелалабадерчу хьакамна тIетевжаш, яздо оцу гIалахь дуьхьал тийсадаларш цахиларх, хIунда аьлча, губернаторо тIалибашна дIаелла шахьара. Цо бахарехь, бахархойн синош Iалашдан кхин некъ бацара бисина.

Карарчу заманчохь, ОвхIанистанан коьрта шахьар Кабул ю Iедалхойн ницкъийн карахь йисинарг.

"Талибан" радикалан борганизаци йихкина ю Оьрсичохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG