ТIекхочийла долу линкаш

Инстаграмехь массарел дукха буьйцучийн цIе лаьцна Кадыров Рамзан Iечу юкъанна, мэрех-кавказхойх цхьаъ ваьлла цуьнан лар лаьцна вогIуш - ХIинжа-ГIалин мэр Мусаев Муса.

Сахьт дац, басковгIаьрца лелочу гергарлонаша, дуьненна кхерамаш тийсаро, кест-кеста цхьаъ я важа емалваро интернетан хьешашлахь тхьамда вина веха Кадыров Мусаевс шел тIаьхьавита а.

Муха ваьлла могIара мэр Мусаев рейтингехь лакха? Йижина Iачу шахьарахь «нехийн рейдаш» дIакхехьарца, бахархошца урамашкахь вистхиларца гIараваьлла, боху. Цу тIе, Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан рейтингехь шел 13 могIа бухахь а вуьтуш!

Кавказхошлахь кхоалгIаниг

РИА блоггерийн рейтингехь Оьрсийчоьнан регионийн лидерех хьалхарчу иттанна юкъахь ву Къилбаседа Кавказера кхо политик: 1-рчу меттехь - Кадыров, 4-гIа – ГIалгIайчоьнан лидер Евкуров, 9-гIа – ХIинжа-ГIалин мэр Мусаев.

Жигараллин коэффициенташ ю оцу кхааннан иштта: 58,1 эзар; 9,1 эзар; 2,5 эзар.

Шен веа воьIах цхьаъ кестта кхеле кхача а тарлуш волу политик гоьваьккхинарш бу иза инстаграмехь хестош болу интернетхой. Аьлча а, цуьнан йозанаш дешна, «лайкаш» хIиттийна цунна Дагестанерчу кхечу политикашначул алсам.

«Цигахь нехаш стенна йитина?»

Ларамза дац Мусаев Мусан рейтинг лакхара хилар: 50 шо долчу хьаькамна хаьа аудитори шена тIе муха ерзон еза.

Цуьнан инстаграмехь ду, тоьллачу эшаршка «ла а доьгIуш», дежа эсий, ондда хьех-дитташ, кеп-кепара даьхна шен суьрташ. Шогга белхахошкара жоьпаш доьхуш меттигаш а ю.

«Цигахь нехаш стенна йитина? - довдеш ву Мусаев цхьана рейдехь. – Со ван веза леррина шуьга и гIурт дIабаккхийта?» Ша иштта хьакамалла дIакхоьхьу муьраш цо кест-кеста бохку социалан машане.

Дуккха а гIуллакхаш дан чIагIонаш йо, дов до, кхайкхамаш бо, доллучун а бала кхочуш, шоггачу озаца, шуьйрра куьйгаш а лестош.

«Ас стохка шуьга элира-кх ХIинжа-ГIала хазъелла дIахIуттур ю – и хан тIекхаьчна! - боху Мусаевс, шех бIо а булуш. – Кечлол баккхийчу юкъарчу белхашна!»

Бакъду, кхехка болх. Мусаевн инстаграм луьстучунна дагатосу, коммунистийн заманахь яьккхинчу кинохь санна, гIала гIоттуш васт: деладенна нах къахьоьгуш го. Коьртахь гIишлошъярхочун куй а боллуш, «баккхий белхаш бер вай!», «тIах-аьлла хьовза!», бохуш, го иза инстаграмехь даима а.

Ша санначаралахь хьалхарниг

Рейтингаш толлучу «Медиалогия» портало хIоттийначу тептарахь «Къилбаседа Кавказан гIаланийн хьаькамаш прессехь» аьлла долчу бахначу беттан декъехь Мусаев массарел а хьалха ву (2,422- дустаран коэффициент). Цул тIаьхьа, шолгIа вогIучу Ставрополан мэран Джатдоев Андрейн коэффициент яц 1,709 бен.

ХIун дина Мусаевс оццул мехаланиг?

"Медиалогияно" бахарехь, цо ХIинжа-ГIалара базарш а, автостанцеш а теллина, Дагестанан халкъан байтанчина Алиева Фазуна хIоллам хIотторах долу гIуллакх а дийцаредина. Оцу мэрах дуккха а яздина – цундела ву иза хьалхарчу меттехь, боху рейтинг хIоттийнчара.

«Коммерцин къайле»

Рейтингийн «Медиалогия» агенталлан сайто дийцарехь, цо уггаре дукха муьлха хьаькам вуьйцу прессо, аьлла, толлуш, 41 300 сов хаамийн гIирсна мониторинг йо. Амма рейтингаш къасточу авторша къайлахьо шаьш цхьаболчу хьаькамашна эзарнашкахь терахьаш хIиттор, кхечарна – лаххара хIиттор - иза муьлхачу математикан хьаьркашца легадо.

«Коммерцин къайле ю иза», - элира телефонехула "Кавказ.Реалиица" бистхиллачу "Медиалогиян" белхахоша.

Шайн къайленаш ларъечара юьззина ца кхетийна нехан къайле – Къилбаседа Кавказа политикан «хьарма». Социологаш гIоьртина талла Къилба федералан гонан коьртачу шахьарийн хьаькамашка мел ларам бу нехан, амма лачбевлла талламаш: БуьритIехь шиъ ву рейтинган лидерашлахь (Албеков Борис, Хадарцев Махарбек), Налчикехь а ву ши лидер - Алакаев Арсен, Муравьев Игорь.

"Медиологияно" вий а хIоттийна тептаран могIаршка. Гарехь, цхьаьнгге а дегабаам ца байта.

Муха кхачалур ву хьаькам политикан рейтинган лаккхарчу могIаршка?

Иза хала дац: алссам дIахьойла цо кхеташонаш, «мероприятеш», нахана довзуьйтийла машанашкахь ша дан мел леринарг, кхайкхамаш бойла, дов дойла, тоннашкахь суьрташ чудохкийла, халкъаца тIекаре хуьлда!

Доцца аьлча, болх хIайт-аьлла гойтийла, хоьтуьйтийла иза кхехкаш санна. Коьртаниг – шен социалан машанашкарчу «доттагIашка» ца хеддаш гайта деза ша мел туху хьоршам. ТIедуху духар а хила деза цуннан «эхI-аьлла». ТIаккха социологаша оьшшу мах хадор бу.

Гочдар - Чабаев Лоьмин

XS
SM
MD
LG