ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мединский гIалат даккхарна гуш-хезаш бехкевина Кадыровс


Мединский Владимир
Мединский Владимир

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана рогIерчу видеокхайкхамехь дIахьедина, Оьрчийчоьнан президентан гIоьнчас, Украинаца дийцарш дечу оьрсийн делегацин куьйгаллехь волчу Мединский Владимира гIалат даьккхина, Зазадоккху-беттан 29-хь Стамбулехь хиллачу дийцарийн раундан жамIаш довзуьйтуш вистхуьлчу юкъанна.

"Юха а вайн бахархошка дIахьедан леа суна, къаьсттина эскархошка (…) цхьа а ийзадаларш оха лелор дац. Къонахчо Мединскийс гIалат даьккхина, нийса ца аьлла цо ша олург", - яздина Кадыровс. Цо тIетоьхна: "БIе шарна хьалха хьоьжуш волу лаккхара омрадалархо ву тхан, долийнарг, тахана ма-дийцара, цо ишттнехьа дIатосург ду аьлла шуна хетахь, - иза цкъа а бакъ дац".

Де хьалха цо тIечIагIдора, "Украинехь шайца дийцарш дан Iедал дац" бохуш.

  • Мединскийс дIахьедина, Украина "маьIнаца" реза хилла Оьрсийчоьнан "принципиале тIедахкаршна". Дуьйцурш ду, цо бахарехь, НАТО-нна юкъа яха реза ца хилар, арахьара тIеман базанаш, тIеман контингенташ шайн латтанаш тIе ца яхкар, иштта пачхьалкхех-гарантех, шайн декъехь Оьрсийчоь йолуш, дага а ца бовлуш тIеман Iамораш дар.
  • Оьрсийчоь тIамца чугIортале Путин Владимира хьалхатеттина Украинана тIедахкарш дара "демилитаризации", "денацификации", иштта ГIирманна а, "ДНР", "ЛНР" шайх олучарна а аннексии йар Украино тIеэцар а. Уьш Мединскийс ца хьахийра.
  • Цуьнца цхьаьна Украинан агIоно билгалдоккху, Оьрсийчоьнца маьрша барт баран а, нейтралан статус йиссаран а ца хилча йиш йоцу бехкам - иза цо хьехна йолу дуьненаюкъара пачхьалкхан кхерамазаллин шога гарантийн система кхочушъяр бу.
  • Украина дагахь яц шен латтанех дIахада. Дийцаршкахь цо дIахьедира, гергарчу 15 шарахь тIеман гIирсашца ГIирма схьаяккха гIертарг ца хилар, оцу ханечохь цуьнан кханенан кхолламах лаьцна дийцарш дар а хьоьхуш.
  • Кадыров Рамзанах коьртачех цхьаъ хедлайнер а, фронтера хаамаш кхоьхьуьйтург а хилира. Политикан эксперташна хетарехь, Кадыров шена политикан баллаш яха гIерта, хила тарло, шегара таронаш кхин а шоръян дагахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG