ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведева ша кхаьънаш оьцуш вац боху


Оьрсийчоьнан премьер-министра Медведев Дмитрис жоп делла ша коррупци лелайо бохучарна, хаамбо Интерфаксо.

Медведо чIагIдарехь, цу кепара “дешнийн тIелатарш пайде ду шайн политикан Iалашонаш йолчу нахана”.

Премьер-министра тIетуьхира, шена хетарехь, “талламан спонсорш бу нах урамашка арабаха сакIамделларш”.

Дагадаийта догIу, “Ты нам не Димон (Хьо тхуна Димон вац)” кино интернетехула яьржинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан гIалашкахь гуламаш дIабаьхьира Медведев Дмитрига балхара дIавала, бохуш.

Кинохь гайтинчу коррупцин хьокъехь далийна бакъдерш ца теллира низамхоша.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG