ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италехь даьржина Медведева Светланех Кхардар


Итали -- Монтекатини гIалин урамехь, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 10Заз12
Итали -- Монтекатини гIалин урамехь, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 10Заз12

Оьрсийчоьнан президентан хIусамнана Медведева Светлана Италера цIехьайирзина, шена тIехь дийца меттигерчу бахархошна шортта кхардаме хIума а дитина.


Тамаша бу Медведева Светлана гергарчу хенахь кхин Европе гIортахь. Дукха чIогIа нахала долуш хуьлу цуьнан хIораза а ширачу континентан тийначу гIаланашкахула саьхьара лелар. Цкъа массех шо хьалха Белгерчу уггаре а тийна а, хаза а гIала ларалучу Брюгге ша яхана йолчехь меттигера бахархой цец-акъ баьхнера цо, шен цу меттигашкахь юьйцу а ца хезначу сонталлийца.

Шайн президенташ а, парламентан депутаташ а вилспеташца балха дIасалела Iеминчу белгахошна теша а, кхета а хала дара, Оьрсийчоьнан президентан хIусамнана бахьана долуш гIалин урамаш могIарерчу бахархойн машенашна дIакъевлина бохучух. Шен дуьненна а цIеяханчу куьйгадечу туьйдаргашца евзаш йолчу Брюггехь цхьана туькан корехь кхозуш долу верхIитталгIачу бIешерера туьйдаргаш хазаделла, оьрсийн хьалхара „леди“ и туьйдаргаш эца гIоьртинера.

Йохкархочо уьш духкуш дац, уьш шайн туькан корматхойн ширачу говзаллин тоьшалла ду, аьлча, оьгIазъяханчу Медведева Светланас, гIеххьачул йохкархочунна тIе а чехаш, ша боьххуш болу мах охьабуьллу, баьхнера, шена и туьйдаргаш иллаъ-биллаъ схьадохка, бохуш. Амма Брюгге Москох ца хиларх терра, я Бельги Оьрсийчоь а, шена хьалхалаьтташ ерг президентан зуда хиларх хIумма а цец ца яьлла йохкархо къар ца еллера.

Цунна оьгIазъяхначуьра делахь а, я кхечу бахьанца делахь а, цу сарахь меттигерчу уггаре а езачу ресторанехь ткъа стагана пхьор даа ша сацадайтина хилла долу стол а, шаьш бе аьлла, кечбайтина хилла исбаьхьа кхачанаш а шаьш болччехь а буьтуш, ур-атталла шаьш ца догIу алар а доцуш, ресторанан долахой Iе битинера Медведева Светланас, кхин гучу а ца йолуш. Ткъа меттигерчу гIалин деца цхьанакхетаралле ши сахьт тIаьхьайисина кхаьчнера иза.

И дерриге а карладаьлла хIинца Медведева Светлана Италерчу Монтекатини Терме гIала садоIа еъча. Цигара уггаре а тоьллачух долу дийнна цхьа хьешацIа дIа а лаьцна, кIиранах садоIуш яра иза шен хьадалчашца а, шен ялхийтта шо кхаьчначу кIантаца а. БIе шовзткъа чоьнах лаьтташ йолу пхеа седаца кхелинчу Гранд Отел Ла Пачен лакхарчу гIатта тIехь Iаш яра Медведева шен накъосташца.

Ткъа вукху кхаа гIатташкара бIе чоь а и бахьана долуш дIакъевлинера, президентан хIусамнанас ша цигахь мел ю кхин цхьа а стаг чу ма вита аьлла дехар дарна. Иштта хийрачу хьешашна дIакъевлина латтийра отелан долара ресторан а, ала дашна, цу гIалахь тоьллачех ларалуш йолу.

Гранд Отел Ла Паче хьешацIийнан сайта чу а ваьлла, цу чуьрчу чоьнийн мехашка а хьаьжна, ткъа иштта Медведева Светланица Итале вахнарг ткъе итт стаг хилар а, уьш хьешацIийнан лакхарчу, уггаре а дезчу гIатта тIехь дIатарбелла хилар а тидаме эцча, дагардан атта ду, цара массара а кIиранах Италехь охьадиллинарг, мел кIезга а, бIе ткъе итт эзар евро хилар. Цу хьокъехь хьахон догIу, нийса бутт хьалха Москохарчу студенташца шен хиллачу цхьанакхетараллехь президента Медведев Дмитрийс Оьрсийчоьнан бахархоша цIахь садоIа деза бохуш дийцинарг.

Амма, „ моллас дешдерг ма де, моллас бохург де“ бохучу нохчийн кицанахь санна, шен доьзало европахой кхабар Медведевна мегаш долчух тера ду.

Медведева Светлана Монтекатини гIала садоIа яхар, уггаре а хьалха, цигахь хаза нехан санна дарбане мела хиш хиларца доьзна ду. ХIунда аьлча, Кремлан гергарчу хьостанаш бину хаамца, президентан хIусамнана коьртачу декъехь шен могашалла тоян а яхана ю Итале.

Бакъду, цул хьалха цу отелехь баьхначу дуккхаъчу цIеяхханчу Голливудерчу артисташна я ницкъалчу политикашна дага ца деънера, шаьш цу чохь йоккхучу ханна кхечу хьешашна отел дIакъовлийта я иза деккъа шайн хьашташна дIалаца. ХIинцалц схьа цу отелан хьешашна юккъехь Британин премьер-министр хилла волу Тони Блэр а, Украинин президент Кучма Леонид а, Италин куьйгалхо хилла Муссолини а, ткъа иштта Грейс Кэлли а, Монакон эла Ренье а хилла.

Итали -- Римини гIаларчу хьешацIийнан учара йоза, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 10Заз12
Итали -- Римини гIаларчу хьешацIийнан учара йоза, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 10Заз12
Уьш берриш а, могIарера хьеший санна, отелехь де-буьйса а даьккхина, дIабахана. Цундела хир дара меттигера бахархой а, хаамийн гIирсаш а Медведева Светланин амалх сел цецбовлар. Масала, Монтекатинин яхархочо Сабринас иштта дийцира Маршо Радиога шена оьрсийн президентан хIусамнанас лелочух хетарг.

Сабрина: "Со Монтекатинера Сабрина ю. Медведева Светлана кху гIала яр тхуна дика хета, муьлхха а кхин хьаша веъча санна. Амма кхузахь дуьйцуш ма-хиллара, цо дийнна цхьа хьешацIа дIалацаро цецвоккху. Вай дуьйцушдерг ялх бIена тIера эзар кхо бIе еврога кхаччалц цхьана чоьнах доккхуш долу хьешацIа ма дуй. Цу отел чохь буьйсанаш яьхна долчу Грейс Келлис я Мастрояни Марчеллос ма ца къовлийтинера и хьешацIа шаьш цу чохь ду аьлла дIа. Цундела меттигера бахархой оьрсийн президентан хIусамнана иштта леларх чIогIа цецбевлла бу. Бакъду, вуьштта тхох цхьанне а цунах бIаьрг кхетта бац, я иза чу-ара йолуш гина стаг а вац кхузахь".

Италхойн уггаре а даккхийчех газета ду Карьере Дела Серра. Цу тIехь яраяьллачу артиклехь иштта дуьйцу Медведевас Италехь яккхинчу хенах лаьцна. „Сеньора Медведевас шена тIаьхьа гIеххьачул гIайгIа йитина ца Iаш, иштта шортта нахана дийца анекдоташ а дуьту, масала, КГБан тIелатарх лаьцна. Ткъа иштта миллионаш соьмаш а дуьту.

Ткъа Монтекатинерчу мелчу хишна Оьрсийчоьнан хьалхарчу „ледис“ цигахь садаIар – иза лотереяхь кхоже билет кхачар санна хIума ду“. Карьере Дела Серрас билгалдоккху, хIинцачул тIаьхьа цу меттигашкахь къаьстина боккхачу сатийсамца Оьрсийчуьра а, йоллучу Советийн пачхьалкхан хиллачу кхечу меттигашкара а хьешашка сатосур ду бохуш. И бахьана долуш Монтекатинехь, гIалин ден омрица, урамийн цIерш а, отелашкара информаци а, кхидолу йозанаш а оьрсийн матте гочдийр ду.

Ала догIу, хIинцалц схьа а Италерчу курортийн меттигашкарчу отелашкахь оьрсийн маттахь йозанаш карош хилар. Цу йозанашкахь Оьрсийчуьрчу хьешашка деш дехарш хуьлу, отелийн низам ма дохадахьара бохуш. Монтекатинехь Медведева Светланас садаьIинчул тIахьа хуьйцур дуй теша и йозанаш
XS
SM
MD
LG