Ницкъхоша кест-кеста шайна пайде информаци "чукхуссуш" хуьлучу РЕН ТВ телеканало хаам баржийра, 32 шо долчу ГIалгIайчуьрчу нохчийн блогерна дуьхьал дов гIаттийна нацизм бакъйарна, аьлла. Бехкевечун цIе ца яьккхира сюжетехь, амма бакъоларъярхошна хиина вуьйцург "Исламан ойланаш" цIе йолчу ютуб-каналан автор Белокиев Ислам вуйла. Дуккха а хан ю иза Европехь веха, фейк ю иза лаьцна аьлла бина хаам.
Вайнах а, кхидолу къаьмнаш а дохорца Дуьненан ШолгIа тIом боьдуш Сталинан режимо динчу зуламех лаьцна дуьйцучу "ЮьхьIаьржонан де" видеогайтамехь авторо хаттар хIоттийна, репрессеш лайначу къаьмнашна даздан оьший-те Толаман де, аьлла. Оцу бахьанийца бехктакхам дуьхьалбаьккхина цунна, бохура телеканало. "И стаг лаьцна латтош волу дикка хан ю, ткъа лаьцна иза кхечу бахьаница – кхианза йолу йоI хьийзорна", – чIагIдора РЕН ТВ-но.
"ЮьхьIаьржонан де" видеогайтам арахецначу Белокиев Ислама харцйо и информаци. Кавказ.Реалиица шен хиллачу къамелехь цо дийцира шен каналах а, шена информаци латточу Нохчийчуьрчу хьостанех а, Европера нохчийн диаспора дакъошка екъаяларх а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан балхаца шена гучу ледарлонех а лаьцна.
— Нохчийчохь лаьттачу хьолах, нах идорах лаьцна яздо масех канало, кеп-кепарчу машанашкахь. Стенна эшна керла канал -"Исламан ойланаш"? ХIун ю цуьнан башхалла?
— Дагалаьцнарг цхьаъ дара: цхьацца бахьанашца доьзна сайна хетарг довзийтар. Сан цIе Ислам ю, цунделла тиллина ас сайн канална "Исламан ойланаш". Дуккха а хан яра суна сайн канал схьаделла дагадеана, ца хIуттуш Iара.
Цкъа цIеххьана бохам хилира Нохчийчохь, 23 шо долу Умаева Мадина елира кхеташ доцчу бахьаница, сихха дIайоьллира Кадыровн гонерчу ницкъаша дакъа а лоцуш. Йоьлхуш, массаьрга гIодоьхуш хьийза цуьнан нана хезча, кхалхарна бухахь цхьа ямартло юйла хиича, ца Iавелира со вист ца хуьлуш. Оцу тIера болабелира сан болх.
Кадыровна я Кавказерчу ницкъхошна дуьхьал леррина канал схьаделла со дагахь а вацара. Шуна карабойла ду сан каналехь психологин, социалан теманашна тIехьажийна гайтамаш. Масала, ас емалдо сайн къамелашкахь "доьзалан сий дайъарца" доьзна зударшна тIе куьгдахьар.
— Конкуренци хаалой цхьацца каналашна юкъахь? Масала, Абдурахманов Тумсон каналний, IADATний, хьуний юкъахь? Уйр юй шун вовшашца?
— Суна ца хета тхаьш конкуренташ ду аьлла, амма кхин юкъарло а дац оха лелош. МаьIна-м дара. Тхо цхьана агIор ду массо а. Ойланаш гарайовлуш хила а мега, амма Iалашо цхьаъ ю тхан – нах зуламхойн куьйга кIелхьара бахар.
Массо а и тайпа цакхетамаш юьстахбевр бу Къилбаседа Кавказ цхьаъ хилла, юкъара пачхьалкхалла долуш дIатаръяхь
Юкъарлонех дерг аьлча, сайх долчунна – ас ца хеддаш реклама йо IADAT боламна, Абдурахманов Тумсона [Швецехь вехачу оппозицин блогерна] къелонаш еш, цуьнан гергарнаш хьийзош леларна емалдо Оьрсийчоьно нохчийн махка доссийна Кадыровн Iедал.
— Ненехула хьо гIалгIа ву, дегахула – нохчо. 2018-2019 шерашкахь леллачу боламаша вовшашца гамдина ши къам, и конфликт дIаяккха езар ю хенан йохалла. Административан дозанца йолу проблема муха къастаял еза алла хета хьуна?
— Бакъду, да нохчо ву сан, нана гIалгIа ю, оцу хьоло шина цIарна юкъанисвина со, ала тарло. Дозанийн хьокъехь хир юй нохчашний, гIалгIашний юкъахь консенсус? Хир яц, цуьнан шеко а яц, уьш дIасакъаьстина мел беха, хир яц.
Массо а и тайпа цакхетамаш юьстахбевр бу Къилбаседа Кавказ цхьаъ хилла, юкъара пачхьалкхалла долуш дIатаръяхь. Иза ца дахь, "къоман бахам" олучу кхетамо охкуш латтор ю чевнаш, ерза юьтур яц.
Йовза еза "къоман бахам", "стеган бахам" терминашна юкъара башхалла. Стеган бахам – иза билггал долуш долу хьал ду, къоман бахам – абстракци ю. Къийсалучу шина агIоно буьйцу "къоман бахам" бусаба динехь хьахош а бац. И къовсам динца ца богIу, ма-дарра аьлча.
— Хьан каналехь дукха ю Нохчийчохь кегийрхой идорах лаьцна информаци. Хьасташ Iора а ца йохуш, эр дарий ахь, хаамаш муха кхочу хьоьга? И хаамаш мел бакъ бу зуьйш хуьлий хьо? Информаци бакъдолчуьнца ца йогIуш меттиг нислой?
— Суна сайн ютуб-каналера контент кхечу маьIнехь хуьлийла лиинера, делахь а нах идорах, хьийзорах, байъарх лаьцна нисло сан дукхахйолу видеош. Иштта нисло Кадыровн Нохчийчохь, халахеташ делахь а, хIора денна гIелонаш латтош хиларна. Нах кхерамна кIел кхобу. Бахархой кхоьру дерг дийца. Шайца, шайн гергарчаьрца харцонаш лелаешшехь, бист ца хуьлуш Iар гIолехьа хета нахана. Цундела хала хуьлу бакъдолчунна тIаьхьакхиа. Хилларг дийца цхьаъ хIоьттича, дехарш деш хьийза веза цуьнга, хьал ма-дарра довзархьама. Кегий битамаша дика бовзуьйту иккхина хьовзам. Бохам стенгахь хилла хиича, хетта волало хьо хьайна бевзачу нахе я и бохам хиллачу юьртарчу нахе. Цаьргахула, царна бевзчаьргахула, гергарчу нахехула хилларг толлу, суьрташ лоху. Даим ца болу аьтто. Дукхахболучара жоп ца ло, блок хIоттайо хьуна, доьху шайга цаяздар. Кадыровхоша а кхуьйсу юкъа фейкаш кест-кеста, хьо нехан бIаьргаш чохь пайдабоцчу ваккха гIерташ, канална дискредитаци еш. Цундела сайга кхочучу информацех дукхахъерг нахала ца йоккхуш юьту ас.
Тоьлла вариант нисло бовдийначийн гергарнаш шаьш нийсонна тIаьхьабевлча. Шайн чуьра стаг схьакарорхьама, кIелхьарваккхархьама хIуманах а ца кхоьруш хьаьвза иштанаш. ЗIене бовлу уьш майрра, шаьш видеозIе лоху соьца, ца лачкъайо шайн яххьаш, довзуьйту стаг вадорах долу тоьшаллаш.
Путина шега шен го ирхъолла алахь, хуьлда уьш Даудов, Хамбиев, Висмурадов, Делимханов - и нах оццу дийнахь Соьлжа-ГIалин юккъехь ирхкхозуш хир бу
— Хьуна гарехь, стенна лов тахана Нохчийчуьрчу бахархоша махкахь лела харцо?
— Цхьаъ бахьанехь кхиболу нах хьийзабо – цунах кхоьру нохчий. Дагалоцур вай 2000-гIачу шерий юьхь, ца лечкъаш, митингаш хIиттайора наха Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу Iедална дуьхьал. Стенна? Нах тешара шайх массо а дIалакъор вац бохучух? Дан а ду иза иштта, амма тахана оцу кхетамна тIера баьхна нах, ца теша шайн ницкъах. Вешина хьалха сийсазйо йиша, кIантана хьалха – нана, дена хьалха – воI, майрачунн хьалха – зуда… Цундела нехан дегнаш чу кхерам боьссина, акха кхерам, массо а малвина, гIелвина.
— Кадыров дукха хан йоццуш керлачу ханна дарже хаьржина. Цо республикан куьйгаллехь ша Iачу 15 шера чохь хIун дика дина, цуьнга хIун дан ца делла, хьоьга хаьттича?
— Дан делларг хила тарло оьрсийн мотт цо хьалхачул гIолехьа бийцар. Мухха а делахь а, хIинца кхеташ хуьлу цо ден къамел. Даима а ца хилахь а, ю прогресс.
Белхазаллица а, терроризмца а латтош болу къийсам хьахийча – ца дина цхьа а хIума. Оьрсийчохь уггаре лакхарчех ю Нохчийчуьра белхазалла, ткъа терроризм яьржина цкъа а ца хиллачу кепара. Терроризм политикаца доьзна яьржаш елахь, дешан бакъо хьошуш кадыровхоша ден зуламаш а ду-кх терроризман могIара.
Делахь а иза яц Кадыровн коьрта ледарло. Цуьнан коьрта ледарло ю, шех а, шен дех а халкъан турпалхой бан гIертарх, цуьнга иза данделла дацар.
— Кадыров Iедалехь кхаба стенна мега Кремлна?
— Иза ша долахь волчарна мел оьшург дан кийча хиларна – веза ялхо ву иза. Кремлан кхерамзаллин, лаамийн дуьхьа Нохчийчоьнан халкъ хIаллакхдан кийча ву иза. Цхьа а яхь йолуш стаг вац. Шен гонца а ву иза иштта. Путина шега шен го ирхъолла алахь, хуьлда уьш цо "вежарий" олуш болу Даудов, Хамбиев, Висмурадов, Делимханов - и нах оццу дийнахь Соьлжа-ГIалин юккъехь ирхкхозуш хир бу, ткъа Кадыровс царна цIерш тIекхуллур ю, "вахабиташ", "шайтIанаш", аьлла.
— Нохчийчуьра кхочучу кхаьънех муьлхачу хаамо дина хьуна уггар доккха халахетар?
— Уьш массех ду. Уггаре хьалха, шишанна тIехаийна волчу Тепсуркаев Салманах лаьцна яьржинчу информацино. Берах йолу пхи бутт а болуш, шайн каракхаьчча, кадыровхоша Хамидова Биназир хьийзор. Оцу бахьаница остаяьлла иза, куьйгашца гангрена яьржина, къиза йиттина цунна куьйгех. Хамидова дарбан хIусаме йигина, амма лоьрийн дан гIо ца хилла, тIаьххьара а йийна Биназира, уьрсаца гай а датIийна (Ночхийчоьнан официалан структураша цхьа а комментари ца йина оцу хьокъехь –ред.). ТIаьххьарниг: гергара нах Закаев Ахьмадна тIелен хIиттор, цаьрга маьттаза къамелаш дайтар, Закаев гомосексуалист ву бахийтар, Кадыровн режимна вуно доккха Iуьрг даьлла хилар гойту оцо.
— Ши тIом бахьанехь республикера дIабахана бIеннаш эзарнашкахь нохчий. Хьайх лаций дийцахь: стенгахь ваьхна тIом балале, муха дIавахара Нохчийчуьра, хIун халонаш Iиттаелира керлачу меттехь?
— Со ненаца Соьлжа-ГIалахь вехаш вара хьалхара Оьрсийчоьнан-нохчийн тIом болалуш. Бер хиллехь а, дика дагайогIу митингш, тIом. Ца лаьара тхуна ГIалара арадовла, гергарчара доьхушшехь севцира цигахь. Тхо деха тIекIелдина цIа дагийра 1995-чу шеран Дечкен-беттан 13-чохь – Главпочтина хьалха лаьттара иза. Тхо долчохь дара Президентан ЦIенна тIегIертачу федералийн эскарш. "МуджахIидаш хIаллакбо", аьлла, цIенош дагон долийра, тхайниг а дагийра. Тхо арарчу цхьана гараж чохь дисира даха. Цул тIаьхьа шина тIамна юккъера Ичкерин зама лаьттира, со йоьалгIа класс чекхъяккха кхиинера. 1999 шарахь тхо дIадахара Нохчийчуьра ГIалгIайчу. Кхин юха а ца кхечира со Нохчийчу. ГIалгIайчуьрчу ненахошца Iаш дара, 2000-чу шерийн юьххьехь дIадахара Польше. Ала деза, ГIалгIайчуьра дуйла а хоуьйтуш кхечира тхо Польше, кадыровхойх лаьцна дийццане а ца дийцира, ца дийцира тхаьш хьийзадо бохуш. Сан нана кхерара со, воккхахилча, тIемалойх дIакхетарна.
Польшехь сов яккхий халонаш ца хилира. Со бер дара, суна ца хаалора иза. Цу тIе, тхуна, тхаьш финансийн проблемаш лаьттачу регионера даьхкина хиларе терра, ахча цатоар тIех хьовзаме хIума а дацара. Польшехь тхуна тхаьш цIакхаьчча санна хетара. Мухха а дийцахь а, мухIажаршна ло бохуш юьйцучу социалан пакеташца курадаьхна а дацара тхо. Луш ерг а лора мухIажиран статус йолчунна, деккъа цхьана шарахь. Болх а беш, ахча а доккхуш ваха везаш вара.
Делахь а къинхетаме къам ду польшахой. Сакхташ дерш нисло – иштанаш массанхьа а бу. Польшехь массарна а карабо шен меттиг, мехаза ду дешар, болх а карабо, вахало.
Лидер оьшу. Иза кийча хила веза массаьрца а дагавала. Цкъачунна ваьлла вац иштаниг
— Дакъошка екъаелла го нохчийн Европера диаспора – хаало конфликташ, цIера бу церан орамаш. Барт каро тарлой гаранашна вовшашца?
— Кремло шен хенахь дерриг а дина нохчийн къам дакъошка доккхуш, малдеш. Оцу балханна юкъаозийра дин а. Юьхьанца маршонан къовсам бузуш бацара динца. Шина тIамна юкъарчу Ичкерин шерашкахь дин листабевлира кегийрхой, бара фанатикаш, бара къамел хезаш берш а. Реформаторш баьржира, къийсамаш буьйлабелира. Дуккха а бара фанатикаш. Церан карах, суьпачийн а, суьпа боцчийн а карах, Оьрсийчоьно шалхабехира шен мостагIий. Масала, Кадыров суьпа фанатик ву.
Тахана къам вовшахтоха хьалхачул атта хир дара аьлла хета суна. Дукхахболчу нохчаша тIеоьцу динан суфешца йоьзна йоцу идеологи, иза шатайпа а лоруш. Кадыровхошна юкъахь а бу хIинца салафийа ойланаш къобалйийраш. Лидер оьшу оцу боламна. Иза кийча хила веза массаьрца а дагавала. Цкъачунна ваьлла вац иштаниг. Диалогна кийчаберш бу, амма гучуваьлла вац лидер. Битамаш шайца берш бу, амма царна ца лаьа юкъарлонашка, къамелашка бийла.
— Европерчу дуккха а нохчашна тIехь шаьш бехачу мехкашкахь Оьрсийчу депортаци яран кхерам лаьтта. Хьуна хетарехь, стенна ду иза ишта? Депортаци йича наханна хиндерг тидаме стенна ца оьцу Европерчу Iедалша?
— Миграцин кризис чIагIъелла Европехь, миграцина дуьхьалберш баьхкина Iедале. ГIелйелла бала хьоьгучу арахьарчу нахах доглозучийн позицеш. Хьалха цхьана ойланца хилла политикаш а бу тахана, электорат шайгахьа йоккхуш, некъ хийца кийча. Европера нохчий арабахар политике дирзина.
Къайле яц, Американ Цхьаьнатоьхнчу Штаташна дуьхьал, Европа Москваца хуьлийла лууш хьийзачу аьтто агIор лаьттачу евродепутаташца уьйр ю Оьрсийчоьнан. Цаьргахула бекхамаш бо Европехь маршо хьехош бехачу нохчашна. Оьрсийчоьнна хаьа, цкъа Ичкерин проблема гIатто а тарло Малхбузено. Цундела дерриг а до нохчийн диаспора европахойн бIаьргаш чохь сийсазъеш.
— Хьуна дуьхьал нацизм бакъярца доьзна гIаттийна бохуш дуьйцучу бехктакхаман гIуллакхна бухадиллина хила тарло ахь депортацех лаьцна дийцинарг, Дуьненан ШолгIачу тIамехь баьккхина толам Сталина махкахдаьхначу къаьмнийн толам бац алар. Ткъа Висаитов Мовлад, Нурадилов Хампаша, кхиболу эзарнаш, оццу тIамехь майра летта нохчий – цаьрга болчу ларамна хIун до вай?
— Нурадилов Хампашас, ша бIаьхо хиларе терра, доьналлица гайтина ша тIамехь. Кхечара а бина тIом шаьш ца кхоош, дин, чкъуран бос шайн кхин бу ца бохуш. ХIора къоман а бу ишта нах. Викингаш а хилла тIемалой, спартахой а хилла, римхой а хилла. Кавказерчу тIемашкахь дуккха а бу майралла гайтина оьрсий. Нохчашлахь а баьхна изза нах.
Майралла, доьналла вай гайтина олий къасталуш буй арабаьккхинчу некъан мах? Леташ берш кIиллой бара аьлла а хийцалур яц арабаьккхинчу некъан йозалла. Майра кIентий леттера аьлла дикачу агIор хийцалур бац арабаьккхина харц некъ а.
Советан Iедалехьа бина тIом харц идея хьалхаяьккхина бина, цундела ца базбо вай и Iедал доккхуш летта нах. Цу тIе, ахь вуьйцу Висаитов, тIамах иза мукъаваьлча, дIахьажийна оццу депортаце.
Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан полигон ю. Цигахь тIеман гIирс зийна ца Iа, зийна идеологехь нах Iадош лелаечу гIелонан гIирс а
— Хьайна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина аьлла йолу фейк стенна яржийна, хьан кхетамехь?
— Суна ца карийна оцу хьокъехь бакъ информаци, гIаттийна хила а сахьт дац. Иза иштта делахь а волийла дац цец. Дукха хан ю ас церан садуу, лергашна гIело ен, цундела цхьа бахьана даккха гIерта суна дуьхьал. КхидIа айдан тарло суна дуьхьал экстремизмах, терроризмах лаьцна долу дов. Оцу тIе а тевжина, Интерполехула лаца гIорта а тарло.
Со хьалха кхиазхо хьийзорна жоьпе озийна хилла бохург а ду туьйра, нехан бIаьргаш чохь со бехван гIерта уьш. Беран хенахь дIавахна со Оьрсийчуьра, кхин цкъа а ца хилла цигахь, я бехктакхаме озийна вац цкъа а, иза цIенна фейк ю.
— Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хьийзачу Кремло Оьрсийчоьнан массо а бахархошкара дIайохур ю маршонаш аьлла хетий хьуна?
— Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан полигон ю. Цигахь керла тIеман гIирс зийна ца Iаш, зийна идеологехь а, дешан маршо хьошуш а, нах Iадош а лелаечу гIелонан гIирс а. Масала, камерашна хьалха хьаькамаш къинтIерабахар, Нохчийчуьра ара а даьлла, кхаьчна беккъа шаьша оьрсий бехачу регионашка а. Ас ца дуьйцу экстремизм бахьане а юьллий, Оьрсийчохь гIиттош долчу девнех лаьцна.
Селхана дара оьрсаша, шайна кавказхочух экстремист олуш хезча, иза бакъдеш. Оьрсийчоьнан кхело иза къастийнехь – яц шеко, олура. ХIинца и нах шаьш а бу оцу зуламан бехка буха текхош.
***
Низамехь доцу лецарш, ницкъхоша нах идор могIара хилам хилла лаьтта Нохчийчохь. Оцу хьокъехь оппозицин пабликашкахула баьржа хаамаш бийцаре а ца бо Iедало, ткъа лецна хила тарлуш болчу наха, шайна тIехьажийна "Грозный" телеканалан камераш а йолуш, дацаре до шайх лаьцна даьржинарг. Ткъа 1ADAT телеграм-каналан хаамашца, кху аьхка Нохчийчохь лачкъийнарг ву 212 стаг.
Кавказ.Реалиино кест-кеста хеттарш хьийсадо Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, амма дуьсу уьш жоп ца луш.