ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел лахара а 12 стаг велла Кабулерчу аэропортна гергахь тIаьххьарчу деношкахь


Афганистанехь бехаш хилла арахьарчу пачхьалкхийн бахархой а, цхьаболу овхIанхой а арабохучу Кабулерчу дуьненаюкъарчу аэропортна уллохь 12 стаг велла кIиран дийнера схьа дуьйна. Sky News телеканало бина и хаам еарин дийнахь, "Талибанан" (Оьрсийчохь йихкина ю) векалшна тIетевжина. Нах баларан бахьана ду – герзан чевнаш яр, я тӀеттӀатаӀар, яздо "Интерфаксо".

ТIалибаша кхайкхам бина, оьшу документаш доцучаьрга аэропортан гIишлочуьра арадовла аьлла.

Sky news телехьожийло билгалдаккхарца, аэропорт йолчу кIоштахь хьал дуладелла хаалуш дара, тIалибийн Iедалх кхоьру нах махкара бовда гIертарна. Еарин Iуьйранна кхаьчначу информацица, нахана уллохь герзаш диттина, хезна ишта эккхарш а.

  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG