ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меладзе Валерийн тIамна дуьхьал хила бакъо ю аьлла Нохчийчуьра культурин министралло


Иллиалархо Меладзе Валерий
Иллиалархо Меладзе Валерий

Дубайхь йоьдучу концертехь "Сий хуьлда турпалхойн" аьлла иллиалархо Меладзе Валерий Нохчийчоьнан халкъан артист цIарах воккхур вац. Мехкан культурин министралло дIахьедина, иллиалархочун бакъо ю тIамна дуьхьал вистхила. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан Iедалша Украинана дуьхьал бен тIом "спецопераци" ю олу, "тIом" дош багах даьллачунна пачхьалкхехь бехкзуламан жоьпалла тIедожо тарло.

Нохчийчоьнан халкъан артист цIарах Меладзе ваккхарх хаттар цкъачунна лаьтташ дац, хаамбина "Подъем" сайте республикерчу культурин министралло. Юьхьанца урхаллин жоьпехь билгалдаьккхинера: "Меладзе тIамна дуьхьал вистхилар, - цуьнан бакъо ю" аьлла. ТIаьхьо и дешнаш дIадаьхнера "Подъем" сайтера, амма дисина и дешнаш цхьа могIа Оьрсийчоьнан а, кхечу пачхьалкхашкара а зорбанан гIирсийн аларшкахь.

"Тхо массо а ду тIамна дуьхьал, тхуна массарна а лаьа, машар хила а, барт латта а", - аьлла ду культурин министраллин жоьпехь.

Керлачу шарна хIоттийначу концертехь Дубайхь вевзаш воцчу цхьана стага видео йаьккхина, цу тIехь "Сий хуьлда Украинин" аьлча, Меладзе Валерийс меллаша "Турпалхойн сий хуьлда" олу. Ролик машанехь яьржина, цул тIаьхьа цхьаболчу политикаша а, публицисташа а тIедожийнера, иллиалархо пачхьалкхан совгIатех а, пачхьалкхан вахархочун бакъонах а ваккха аьлла.

  • Украинехь тIом болабелла хьалхарчу дийнахь Меладзе Валерийс видео дIайазйинера, тIом сацабе, стоьла гонах а ховший, дийцарш доладе аьлла. "Адамашна барт бан хаа деза, цунна белла бу вайна мотт, цунна белла вайна кхетам а. Адамаш дайа ца деза. ХIара сацон деза", - элира Меладзес. Иллиалархочун ваша – композитор Меладзе Константин Украинан исбаьхьаллин хьакъволу гIуллакхдархо ву.
  • Хьалхо зорбанаша хаамбира, Украинерчу тIамна дуьхьал бистхиллачу "Оьрсийчохь бихкинчу артистийн" тептар ду аьлла. "Ца магийначу" артистийн тептарехь бу: ДДТ тоба, Земфира, Noize MC, Оксимирон, "Машина времени", "Аквариум", "Каста", "Би-2", "Несчастный случай", Валерий Меладзе, Anacondaz, Louna, "Порнофильмы", "Ногу Свело!", "Кровосток", "Элизиум", "2Маши", Манижа, Монеточка, Гречка, Face, Моргенштерн, IC3PEAK, Little Big, Вася Обломов, "Дора", "Алоэ Вера", иштта кхинберш а. Оцу боллу артистийн Оьрсийчохь хинйолу концерташ юкъахйехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG