ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь вийначу гIалгIаскхичунна иэсан у хIоттийна Леромонтовехь


IV-гIа дуьненаюкъара гIалагIаскхийн цхаьнакхетар, Новочеркасск

Ермоловн цIарх баттальонера Нохчийчохь вийначу гIалгIаскичунна Сотников Владимарна иэсан у хIоттийна Ставрополан кIоштарчу Лермонтово гIалахь. И у даздаран хьелашкахь схьадиллина кху-беттан 12-чу дийнахь. Сотниковн нохчийн тIемалойн куьйга валар нисделира 1996-чу шеран зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-гIалахь. Цунна президентан оьмрица еллера Доьналлин орден.

Ала догIу, дукха хан йоцуш, ишта у хIоттийра Изобилни гIалахь. Иза схьадиллира Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь вийначу Умрихина Евгенинна сийнна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG