ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал" юкъаралла дIайохийна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело


Шинарин дийнахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело кхеташонехь сацам тIеэцна, дуьненаюкъара "Мемориал" юкъаралла дIайохош. Свобода Радионо бина цунах лаьцна хаам. Организацино масийттазза дохийна арахьарчу агентех низам бохуш, чIагIдора инарлин прокуратуро.

ТIаьххьарчу кхеташонехь прокуратурин векало дIахьедира, организацино "СССР-н харц васт а хIоттош, бехказабохуш, реабилитаци йо нацистийн зуламхошна" аьлла.

Организаци дIайохон бакъ болу бух бацара аьлла хета бакъоларъархошна. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах кехаташ яздира бIеннашкахь оьрсийн а, арахьарчу пачхьалкхийн а культурин гIуллакхдархоша а, Нобелан лауреташа а, иштта журналисташа а, организаци йита бохуш.

"Мемориалан" куьйгалхочо Рачинский Яна дIахьедира, сацамна латкъам бийр бу, юкъараллан болх сацон йиш яц, хIунда аьлча, юридикан юьхь йоцу структураш ю цуьнан аьлла.

Оьрсийчуьрчу организацешлахь уггар а ширачех ю "Мемориал". 1989-чу шеран Дечкен-баттахь кхоьллина ю юкъаралла. Цуьнан дуьххьарлера куьйгалхо вара Нобелан машаран совгIатан лауреат Сахаров Андрей.

30 шо сов зама ю организацино Советан заманахь лелийна репрессеш толлу, репрессеш йинчу нехан цIераш билгалйохуш, база вовшахтоьхнера цара.

Москварчу Лакхарчу кхелан гIишлона хьалха гулбеллера цхьа тоба нах процесс йоьдучу юкъанна организацин дог эца баьхкина. "Эхь ду" бохуш, маьхьарий деттара цара.

Кхаарин дийнахь кхело толлур ю прокуратуран Бакъоларъяран "Мемориал" центр дIайохорах иск. Дуьненаюкъарчу "Мемориалан" декъашхо ю иза, амма къаьстина юридикан бух болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG