ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориална" гIортор йина Европарламента


Европан парламенто резолюци тIеэцна, политикан бахьана" долуш "Дуьненаюкъара Мемориал" а, бакъонашларйон центр "Мемориал" а " хьийзор а, дIакъовла гIертар а емалдеш. И ши вовшахтохаралла юкъатоьхна ю Оьрсийчоьнан Юстицин министралло арахьара агенташ олучу тептарна.

Европарламанта кхайкхам бина, хьем ца беш, "Мемориална" бехкина берриг бехкаш юхабаха, аьтто бе цаьршинна кхидIа а болх бан, Iедал юкъа а ца гIерташ аьлла. Парламантан декъашхоша иштта кхайкхина Европан Кхеташонан векале Боррел Жозепе санцеш кхайкхае аьлла, "Мемориална" дуьхьал репрессеш ярна декъа болчу Iедалхошна.

Цул сов, резолюцехь хьахийна ю Оьрсийчохь "арахьарчу агентех" а "ца оьшу вовшахтохараллех а" лаьцна низамаш лелорца йоьзна проблема. Европарламента масийттазза кхайкхам бина и низамаш дIадаха, ткъа уьш бахьана долуш эшам хиллачу нахана хилла зе меттахIоттаде аьлла.

"[Европарламента] юха а дIахьедо, ша гIортор еш хиларх лаьцна Оьрсийчуьрчу гражданийн юкъараллина а, бакъонашларъярхошна а, кхайкхам бо Оьрсийчоьне кхетташ низаман гураш кхоллахьара, кхерамазаллин белхан хьал кхоллахьара аьлла, адамийн бакъонаш ларъярехь дуьненаюкъарчу стандарташца догIуш долу", - аьлла ду документехь.

Депутаташа иштта кхайкхам бина Евробартан а, Европан Бартана юкъхайогIучу пачхьалкхийн а векалшка цхьане массерна а гойтуш дакъакхачаран визитаца гIо аьлла "Дуьненаюкъара Мемориалан" а, бакъонашларйон центран "Мемориалан" а офисе, суьдехь хиллачу ладогIарийн жамIашца.

  • Лахьан-беттан 11-хь хиъна Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро Лаккхарчу кхеле лехам кховдийна хилар, "Дуьненаюкъара Мемориал" дIаяккхар доьхуш, саццаза цо "арахьарчу агентех" лаьцна низам дохорна. Ткъа Москван прокуратуро гIалин кхеле лехам хьажийра "Мемориал" бакъонашлайон центр дIаяккхар доьхуш.
  • Лахьан-беттан 17-хь Европан Кхеташоно кхайкхам бира Оьрсийчоьнан Iедалшка "Мемориал" дIаяккхар сацаде аьлла, ткъа иштта уггар хьалха "арахьарчу агентех" лаьцна низам юхадаккха аьлла.
  • "Мемориал" йолу 30 сов шо ду, иза кхоьллина 1989 шарахь. Юьхьанца церан белхан коьрта дакъа дара Советан заманахь хиллачу репрессешкахь хIаллакхиллачийн иэс карладаккхар, тIаьхьо тIекхийтира кхинйолу историкан а, бакъонашларъяран а проекташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG