ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мерседесаш а, 11 миллион сом а дIасадекъна Кадыровс "Ахматан" латархошна


Спортан "Ахмат" клубан кхаа латархочунна мерседесаш а, кхин а 11-нна цхьацца миллион сом ахчанаш а дIасадекъна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кадыровца йоьзна лоручу инстаграмерчу агIонехь бина цунах лаьцна хаам. Информаци яржийна иштта Соьлжа-ГIалина муьтIахь йолчу мехкан зорбанаша а.

"Сан хьомечу НАНАС, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондан Президенто Аймани Несиевнас тIедиллина там болу декхар кхочушдина ас. "Мерседес" машенийн догIанаш делла кхаа стагана, ткъа 11 спортхочунна - цхьацца миллион соьмаш. Соьлжа-ГIалин хьакъволу вахархо" цIе елла Бетербиев Артурана. "Нохчийчоьнна хьалха гIуллакхаш дарна" а, "Къинхьегамаллин билгалонна" мидалш а кхаьчна кхин а цхьа могIа спортхошна", аьлла ду постехь яздина.

  • ГIадужу-баттахь Ставропол-махкарчу "Тамбукан" центрехь къорза береташ йохуш дIабаьхьначу къовсамехь тоьллачу Нохчийчуьрчу ОМОН-н командирна Бисаев Анзорна а, "Терек" СОБР-н командирна Лорсанкаев Сайдина а Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо совгIаташ дира Mercedes машенашца.
  • Американ Iедалша Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре яьккхина. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • 2019-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондана пайда хилла 6,075 миллиард соьмана. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза.
  • Формалехь фондан куьйгаллехь ю мехкан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG