ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигерчу агрофирме тIеман полигон дIайалар Оьрсийчоьнан тIеман министралло къуьйсуш ду


Оьрсийчоьнан эскархо ву полигонехь, гайтаман сурт
Оьрсийчоьнан эскархо ву полигонехь, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан тIеман министралло Нохчийчохь кхелехь къуьйсуш ду меттигерчу агрофирмина латтанаш дIадалар. Дуьйцург ду Калиновская олучу станицин юьстах долу 936 гектар латта – Украинерчу тIамехь дакъаьцначу 71-чу полкан тIеман латтанех дара иза.

И дакъа федералан долахь доллушехь, Ноьвран кIоштан администрацино аукцион дIайаьхьна, 2020-чу шеран аьхка и латта "Рассвет" агрофирме дIа а луш. КIоштан Iедалша дуьхьал кховдийначу искехь дехар дира Оьрсийчочьнан оцу лаьттах бакъо дIайаккха аьлла. Росреестран а, Iаламан министралло а, бахаман, латтанийн юкъаметтигийн министралло а тIедожийра полигон тIеман министраллера схьайаккхар.

Нохчийчуьра арбитражан кхело хьесап дира, тIеман министраллин оцу декъан бакъо хиларан "дуккха а сакхташ" ду аьлла, цундела дуьхьалр йира искана. Ессентуки гIаларчу ЯлхийттолгIачу арбитражан апелляцин кхело нохчийн кхелахочо Исмаилов Рамзана бина сацам низамца богIуш бац аьлла, юхабаьккхина, эзар гектар хиллал латта федералан дола юха а дерзош.

Оцу сацамна реза ца хилла Нохчийчоьнан Iедалш, тIеман полигон муниципалан долахь йитар тIедожийна цара, карарчу заманчохь гIуллакх кассаци кхаьчна

Дуккха а миллионашкахь "Дворец Спорта" тойан бинчу бертаца Iазап латто бартбаран билгалонаш ца хаайелира Волгоградан кIоштара арбитражан кхелана. Оцу кепара сацам бира кхело, тIелацамхочо мукIарло динашшехь.

  • Москварчу арбитражан кхеле 2022-чу шарахь иск кхачийра "Фирдаус" модин цIенна дуьхьал - Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчохь болх сацийначу "Конде Наст" арахоьцийлан цIийно тIедожийра Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIан Кадырова Iайшатан фирмина 814 эзар сом декхар а, барт бохорна такха билгадаьккхина кхин а 893 эзар сом гӀуда а. Арбитржан гIуллакхан материалшкара къаьстина, 20I9-чу шарахь декхар хьарчийна хилар.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхо масийттазза девне вийлира тIеман министраллин лаккхарчу даржхошца Оьрсийчоь Украине гIоьртинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG