ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигерчу гIиллакхашца лела аьлла, тIедожийна Нохчийчохь туристашна


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Нохчийчу кхерстачу туристийн духарх лаьцна дийцарш хилла Соьлжа-ГIаларчу мэрихь. Урхалло сацамбина, церан духар "бахархойн менталитетца догIуш хила деза" аьлла, хаамбо "Грозный" телеканало.

Кхеташо вовшахтоьхнера мэран гIовса Межидов Iелас префектурийн а, туризман министраллин а, бакъоларъяран органийн а векалшца а, иштта туристийн объектийн куьйгалхошца а цхьаьна. Меттигерчу зорбанаша яздарехь, хаттар карарчу хенахь мехала хета туристашлахь "Соьлжа-ГIалица йолу интерес де дийне кхуьуш хиларна".

Цуьнца цхьаьна нохчийн евзаш йолчу инстаграмерчу агIонаша а зорбане яьккхина туристаш юкъахь болуш Соьлжа-ГIалахь яьккхина видео. Роликан авторо дуьйцу царна, урамашкахь шорташ йоьхна лела мегарг цахиларх.

  • Дагестанан бахархоша латкъамбира туристийн хотIана а, церан леларна а аьлла, дIахьедира мехкан муфтиятехь. Цуьнан куьйгалхочо Алиханов Шемала кхайкхамбира хьешашка, "региона менталитет ларар", иштта "шаьш долчу меттиган ламасташ лардар" доьхуш.
  • 2021-чу шеран гурахь ГIалгIайчоьнан цхьахйолчу кIоштахь зорбане даьккхира, регионехь туристаш муха лела беза хьоьхуш документ. Цу тIехь аьлла ду, тIебаьхкинчара лара деза меттигера гIиллакхаш а, ламасташ а, "бIегIийла доцчу хьолехь ца нисдалархьама". Кхул хьалха изза туристашна хьехамаш беш кехаташ арахийцира луларчу Нохчийчохь а, цул тIаьхьа Дагестанехь а, тIаккха Къилбаседа ХIирийчохь а.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, Соьлжа-ГIалахь Оьрсийчоьнан иллиалархочун Jony-н концерт хилийта бина сацам емалбинчарна кхерамаш туьйсуш. Резабоцурш "диллинчу диалоге" кхайкхира цо байначу беттан 31-чохь Соьлжа-ГIаларчу барамаш хIитточу ЦIийне. Регионалан куьйгалхочо бахарехь, социалан машанашкахь бехкаш даьхнера иллиалархо республике кхайкхинчу цуьнан йоккхаха йолчу йоIера, культурин министрера Кадырова Iайшатера а, "цунна и магийначу" цуьнан невцера а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG