ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меттигерчу жигархочунна тапча тоха гIоьртина муьлш бу ца хуу нах


Гайтаман сурт

Меттигерчу жигархочунна Марзаганов Мохьмадна тIелатар дина Назранехь. ГIадужу беттан 17-чу буса муьлш бу ца хуу нах герга а баьхкина, нах бехачу цIенна уллохь герз тоьхнера цунна масийттазза. Арахьарчу камераша дIаяздинарг даржийна "Mash Gor" гIирсо.

Телеграм-каналан хаамашца, психотропан молханашца къийсам латточу "Антилирика" юкъараллин цхьахволу жигархо ву Экажево эвлара Марзаганов. Карарчу хенахь реанимацехь ву иза, цунна тIелеттарш лехамашка белла, хаамбина шайн хьасташна тIетевжина "ГIалгIайчоь" газето.

Iуьйранна гIадужу-беттан 18-чохь республикерчу Талламан комитетан урхаллин сайтехь хиллачух цхьана а кепара информаци яцара.

  • Стохка гезгамашин-баттахь ГIалгIайчоьнан Назранан кIоштарчу ГIеза-Юьртахь шина доьзална юккъехь дов даларан бахьанашца герзаш диттинера. Масех стагана чевнаш йира, гена йоццучу дарбанан хIусаме балийра уьш. Лазийначу цхьаннан ког дIабаьккхира. Герзаш детта волавеллера аьлла бехкехетарг лаьцна ву, хаамбо "Интерфаксо".
  • Латтана тIехула конфликт иккхира ГIалгIайчуьра Сунжа-кIоштарчу Мужече эвлахь, оцу тIехула велира ши стаг. Полицино билгалдаккхарехь, Балаев Юсупна а, цуьнан шина кIантана а, байинчу ДалиевгIарна а юккъехь дов даьллера латта къевсина.
  • Дахначу шеран гIуран-баттахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а бахархошна юкъехь герзаш деттар нисделира федералан боккхачу некъа тIехь мехкан Назранан кIоштахь. "Интерфакс" агенталлин информацица, вовшахтасабаларан бахьана дара некъаца хилла инцидент – ГIалгIайчуьра машенлелорхочунна некъ ца буьтуш, микроавтобуса тIехь хиллачу Нохчийчуьра вахархочо хьовзам баьккхинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG