ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1,3 миллиард соьмал сов мах болу АрашуковгIеран бахам схьабаьккхина


АрашуковгIар Рауф а, Рауль а

Кхарачой-Чергазийчоьнан цIарх сенатор лаьттинчу Арашуков Рауфан а, цуьнан ден Раулян а 1, 3 миллиард соьмана бахам схьабаьккхина Москварчу Басманан кхело, Инарла прокуратуран лаам кхочушбеш. Низамца богIуш бац и сацам аьлла, тешна бу адвокаташ.

Прокуратуро дийцарехь, пачхьалкхан балхахь болчу заманчохь АрашуковгIара шайн дола ерзийна 75 чу-ара ца баккхалучу бахаман гIишло: пхи петар, исс цIа, кхаа гIатах лаьтта Хабезера "Адиюх Пэлас" хьешан цIа, ресторан, саунаш. 90 гергга машен схьаяьккхина. Боллу бахаман талламо мах хадийна – 1 миллиард 565 миллион сом аьлла.

Оцу юкъанна Инарла прокуратурано хьа ца йина Черкесскера а, Ставрополера а ши петар, чуьрчу бахаман хьолаллин цхьа долу дакъа а, яздо Новости агенталло, АрашуковгIеран адвокатна Постанюк Владимирна тIетевжина. Бахам схьабаккхарна латкъам бийр болуш бу аьлла, дIахьедина Постанюка. Цунна хетарехь, кхело тергоне ца эцна адвокатийн хьесапаш, доккхачу декъанна, антикоррупцин низам юкъадалале бахам гулбина хилар.

Дечкен-беттан 30-чу дийнахь, Федерацин Кхеташонехь Инарла прокуроран Чайка Юрийн къамеле ладоьгIуш а Iаш, лецира Кхарачой-Чергазийчоьнан сенатор Арашуков Рауф. Оццу дийнахь Басманан кIоштан кхело санкци елира иза изоляторехь латто.

Арашуков-жимахверг бехкево зуламечу тобанехь хиларна, ши стаг вейтарна, тешашна тIеIаткъамаш барна. Буьйцу байъинарш бу юкъараллин жигархо Жуков Аслан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан президентан хьехамча Шебзухов Фрал а.

Арашуков Рауль таIзаре хIоттийна зуламхойн тоба вовшахтохарна а, "Газпроман" 30 миллиард сом ахча даарна а. Дас а, кIанта а бехкаш тIе ца лоцу. Политикан бух болуш ду боху экс-сенаторо шена дуьхьал долийна гIуллакх.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG