ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкера миллионер бехке лаьрра адам дерна


PEOPLE-DURST/

Лос-Анджерерчу кхелехь бехккъасторхоша бехке лерина мультимиллионер Дёрст Роберт, 2000-чу шарахь шен доттагI Берман Сьюзен ерна. Иза иштта бехке лаьрра кхидолу зуламаш дарна а, Американ Аз зорбан портала. Зорбан гIирсаш яздарехь, муьтимиллионер чуволла мегаш ву, велла дIаваллц хан а тоьхна, яздо .

Суьдхочо вердикт дIакхайкхор ю ГIадужу-беттан 18-хь. Дёрстан ду 78 шо. Дёрста кхо стаг вийна хила мега, аьлла шеко йолуш бу талламхой. Царах цхьаъ ю 1982-чу шарахь тIепаза яйна йолу цуьнан хIусамнана.

Талламхойн версица, Дёрста герз тоьхна йина хила мега Берман, шен зуда ялар муха хилла бохург къайладахьархьамма.

Миллионера вийна хила мегаш волу кхоалгIа стаг ву цуьнан хилла лулахо. 2001-чу шарахь бехккъасторхойн кхело бехказвитира Дёрст, ша иза вийра, дакъа вовшах а даьккхина, хи чукхоьссира, бохуш цо тоьшаллаш динехь а. Цуьнан адвокатийн аьтто белира иза кIелхьарваккха, цо стаг вийнера ша ца вейта аьлла.

Дёрст Роберт кIант ву Нью-Йоркерчу гIишлонаш йохкарчочуьнан Дёрст Сеймуран. Forbes рейтингца а догIуш, ДёрстгIеран доьзал уггар дукха бахам болчу нахана юкъахь 47-гIа меттиг дIалоцуш бу, церан бахаман мах бу 8,1 миллиард доллар.

Ялх шо хьалха HBO канална интервью луш, оцу нахах лаьцна шега хаьттинчул тIаьхаьа, ларамаза микрофон летта а йолуш, ша шега хаьттинера Дёрста: "Ткъа хIун диснера суна дан? Уьш берш а байар дера диснера".

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG