ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министран дарже 26 шо долу вешин кIант хIоттор цунах "тешам" хилар ду аьлла Кадыровс


Khamzat Kadyrov and Ramzan Kadyrov
Khamzat Kadyrov and Ramzan Kadyrov

Кадыров Рамзана дIахьедина, 26 шо долу шен вешин кIант Кадыров Хьамзат бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр хIоттор гергарлонца дац, цунах "тешам" хиларца доьзна ду. Керлачу даржехь иза хийцавелла Нохчийчоьнан урхалхочун кхечу гергарчуьнца – Ибрагимов Турпла-Iелица.

"Муьлххачу урхаллехь, мичча даржехь хиларх сайн гергарчаьргара жоп алсам доьхур ду ас…Суна жамI а, ша ца кхоош къахьегар а коьрта ду", - йаздина цо телеграм-каналехь, билгал ца даьккхина хIинццалц кхул хьалха а лаккхарчу даржашкахь хиллачу вешин кIанта хIун жамIаш гайтина.

2020-чу шеран чиллан-баттера схьа дуьйна Кадыров Хьамзата куьйгалла дира Нохчийчохь спортан а, кегийрхойн политикан а министраллин – оцу даржехь иза хийцира 2021-чу шарахь марсхьокху-баттахь Ибрагимов Турпал-Iелас. Мехкан куьйгалхочун вешин кIант пачхьалкхан "Чеченцемент" компанин коьрта директор хилира, ткъа стохка гурахь дуьйна Нохчийчоьнан урхалхочун секретариатан куьйгалхочхIоттийра.

  • Кадыров Хьамзата дешна ЦIоьнтарарчу хьафизийн школехь. ТIаьхьо цо чекхйаьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан пачхьалкхан урхалла даран факультет.
  • Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан куьйгалхочун гергарнаш регионан Iедалан лаккхарчу даржашка хIиттабо. Йоллу урхаллин система Кадыровн Рамзана а, цуьнан гонерчу наха а дIалаьцна ю, оцу юкъанна шен доьзалхой карьерехь хьалхатеттарехь цхьана а кепара къовсам ца го цунна. Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин-йижарийн доьзалш, шичой. Кавказ.Реалии редакцино вовшахтуьйхира Кадыровн кланера пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.
  • "Мехкан да" титул йала тарло Нохчийчоьнан куьйгалхочунна – оцу кепара республикан Конституцихь хийцамаш бар хьехна парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, кхин а 20 депутато а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG