ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарара эккхийна, изоляторехь бер дина… Террорхошна ахча хьажоро дохийна дахар


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилберчу тIеман гонан кхело Товбецан-беттан юьххьехь Дагестанерчу Велиметова Регинина ши шо хан туьйхира набахтехь такха. Изоляторехь шен пхоьалгIа бер дира цо, цул тIаьхьа кхечира набахтерчу дарбан цIийне. Цигахь Велиметована тIехь, цо бахарехь, гIело латтийна и санначу зударша-тутмакхаша а, набахтин администрацино а. Кавказ.Реалиино довзуьйту цуьнан дов.

Мисарара - изоляторе

Велиметова Регина а, цуьнан майра Абусупьянов Мохьмад-Iела а Мисарахь дехаш дара шайн деа бераца. Гергарчу Малхбалерчу тIамехь лазийначарна гIодоьхучу сайта тIе нисъелира Велиметовас цхьана дийнахь. Лаам хилира цуьнан сагIадан. Цуьнга телефон тоьхна евзаш йоцчу зудчо, дехна йовзийтинчу банке шегара ахча а дIахьажор. ТIаьхьо гучудаьлла цуьнца зIене яьлла зуда ша а оццу бахьаница лаьцна, цуьнца ФСБ-но къамелдан кечйина хилла хилар. Оцу зудчо тоьшалла а дина кхелехь, боху Велиметован адвоката Дорофеев Лева.

Мисарарчу Iедало Оьрсийчу экстрадици йина пхоьлгIачу берах йолчу Велиметова Регинина. Изоляторе кхачийна иза даймахкахь. Бераш, карахь лелош долу доьалгIаниг а тIехь, дIадаьхна зудчуьнгара, дагалоьцу Абусупьянов Мохьмад-Iелас. ТIаьхьо доьзалхой дIабелла Велиметован дега-нене, ткъа ша иза дIайигина схьаяьллачу Кхарачой-Чергазийчу.

Амма иза дац тхо цига тIамехь дакъалаца доьлхура я лелха дохкура бохург

Хьалхо кхелехь Караулова Варварина дуьхьал тоьшалла дина а ю Велиметова. ХIетахь цо даредира, шаьш Оьрсийчоьно зуламе лоручу ДАIИШ-ан карарчу махка доьлхуш дуйла хаьара шайна, аьлла.

"Амма иза дац тхо цига тIамехь дакъалаца доьлхура я лелха дохкура бохург. Цига тхо дахара даха, исламан низамаш лелачу махкахь хилархьама", – иштта ду "Интерфаксо" далийна Велиметован дешнаш. Оцу хенахь иза Туркойчоьнан дозанехь лаьцна, дас тIаьхьа а вахана, дIайигина.

Абусупьянова дийцарехь, хIинца Велиметова кхеле ийзор цуьнан гергарчара дузу оцу хIетахьлерчу хиламца. Шема яха дагахь хиллачу Велиметована шен хинволу майра вевзина тIаьхьо, дIаяхна Мисара. Майрачо бахарехь, и шиъ "бусалба нах хьийзош боцчу махкахь даха, парггIат дин лело" дагахь дара. Тоххара, 2015-чу шарахь, Iедалан тергоне йоьжна еха Регина декхарейира кест-кеста полице лела, цигахь цуьнга "хьашт доццург дуьйцура, кхерамаш туьйсура", дагалоьцу Абусупьяновс.

Лецира ша Абусупьянов Мохьмад-Iела а. Кавказ.Реалиица къамел деш цо довзийтира хилларг. Дагестане дIавигина иза, коьртах тIоьрмиг а боьллина, куьйгаш а дихкина. Юьхьанца изоляторехь Iийна иза Дагестанерчу "Э" центро кечдинчу кехаташца. Бехха гIиртира ницкъхой цуьнан зудчуьнгара майрачунна дуьхьал дареш даха, амма гIуллакх ца хилла. Иза иштта дуйла Мохьмад-Iелина хиина шаьш лецна кIира даьлча, гергарчаьрца шена къамел дан аьтто баьлча.

ТIаьме ахча хьажор Абусупьяновна дуьхьалдаккха йиш ца хилча, кхин некъ лехна Iедалхоша.

Талламчийн версица, 103 эзар сом дIахьажийна Велиметовас Шема, ДАIИШца уьйр йолчу банке

"Со дIахецна кIира даьлча, ницкъхой баьхкира со волчу. Цара граната а, патармаш а кхийсира буха, герзаш лелорна дов айдира суна дуьхьал. Ас кхо бутт баьккхира талламан изоляторехь, амма ца карийра сан бехк, цIахь Iийр волуш дIахийцира со. ЦIера вала дихкина хан а чекхъелира. ТIаккха махкахвер вац аьлла, куьг таIадайтира соьга. Цуьнан хан а яьлла чекх, амма дуьхьал айдина лаьтта дов дIакъовланза ду, цкъачунна ца хьево со", – дуьйцу Абусупьяновс.

Бер ден хан а йолуш

Велиметова Регина, генна яьлла хан а йолуш, берах яра набахте хьажош. Таллам боьдуш иза резахилира, хьалха ша дийцинарг хийца, ша бусалба наханна гIодан гIертара аьлла тоьшалла дан – шатайпа хир ду аьллера цуьнга бехкталлар. Талламчийн версица, 103 эзар сом дIахьажийна Велиметовас Шема, ДАIИШца уьйр йолчу банке. Иза цо юьззина кетамчохь а йолуш, ша ахча хьанна тосу а хууш дина, бохура талламо. Кхело юьхьаръэцна и дареш, бехке лерина иза, дуьйцу Дорофеевс.

Юкъарчу хьелашкахь такха набахтин ши шо хан кхайкхийра Велиметована. Иза ша евзачара дика юьйцуш а, цкъа а хан тоьхна йоцуш а, берийн нана а хилар, цо таллам боьдуш шен майрачух лаьцна хаамаш бар юьхьар а оьцуш, лахара хан кхайкхийна цунна кхело.

Ткъа Велиметовага шегара ахча а тасахьара тIемалошна аьлла хилла зуда набахте кхачийна кхаа шарна. Оцу зудчунна тIелийнарг а хилла изза бехк текхна кхин зуда, боху адвоката. Велиметова чуюллуш декъаозийначу нехан кочарахь лаххара а кхо зуда ю, цуьнан боллу бехк дуьхьал а боккхуш, кхечарна дуьхьал тоьшаллаш а дойтуш, чуйоьллина.

Сацам кхело дIакхйкхинчу сахьтехь зудчунна вон хилира, дуьйцу адвоката. Изоляторан куьйгалхошка а, Ростов-махкарчу набахтийн хьаькамашка а маситтазза дехар дича, гIалин №20 дарбан хIусаме йиллина Велиметова, цигахь бер дина цо. Бер цомгуш хилла. Изоляторе юха ца юьгуш, набахтешкарчу пехийн цамгарийн МОТБ-19 хIусаме йиллина иза, ткъа бер дисина №20 дарбан хIусамехь.

Тоелча а ца хьажийна зуда набахте дIа, сацийна туберкулезан дарбан цIийнехь – дуьххьара чубоьхкинчарна меттигаш яц тоьаш набахтешкахь, аьлла.

ГIелонаш а, кхерамаш а

Зудчун дас Риджаддин Оглы Рейседдина кехат дахьийтина Ростов-махкарчу набахтийн урхалле, шен аьтто ца болу йоI ган, иза да-нана дехачу Дагестанерчу набахте кхачаяхьара, аьлла. Пенсех деха, къена ду Велиметован да-нана, аьтто а, могашалла а ца тоьу йоI ган Ростов лела.

Зудчунна официалехь дихкина ламаз дан, хьиджабан метта делла кортали

Велиметовас кест-кеста арздеш хилла шен адвокате, дарбан хIусамехь вон хьовсу шега, шегара цамгарш зийна а яц цигахь, ткъа шеца цхьаьна чохьбохку оьзда боцу зударий-тутмакхаш, цара гIело йо шена, ца юьту ламаз дан а, тIерайоху шен хьиджаб, олий.

Рецидивисташца стенна латтайо Велиметова, иза дуьххьара бен чуйоьллина а ца хилча, къасто, гIодан гIиртина Дорофеев. Цуьнан кехатна жоп луш, Азоврчу, шолгIа чубоьхкина зударий чохь латточу №18 набахте яха некъ белла Регинина. Цига яха ца лаахь, шаьш бер дIа а даьккхина, дIахьажор Дагестане, баьхна. ТIаьхьо зудчунна официалехь дихкина ламаз дан, хьиджабан метта делла кортали, дуьйцу адвоката.

Ши бутт баьлча, ГIадужу-беттан 23-чохь, доцца жоп кхаьчна Дорофеевга МОТБ-19 дарбан хIусамера: Велиметована дарба лелош ду, алссам хаа лаахь, язде набахтийн урхаллерчу медицинан декъе.

Адвокате кехат кхаьчна ши де даьлча Велиметова Азоврчу №18 набахте дIайигина. Цигга дIахьажийна бер а. Адвоката дийцарехь, карахь бер долу, могуш а йоцу зуда кхоьру ша халчу белхашка хьажорна.

***

Карарчу муьрехь Москвахь тIеман кхело луьстуш ду лоьран Аджаматов Iалиханан дов. Иза бехкево 2015-чу шарахь тIемалошна-террорхошна 85 эзар сом дахьийтарна. Бухадиллина цхьана тешо дина дареш а, банкера кехат а. Ткъа Аджаматовс бахарехь, Мисарара молханаш а эцна, уьш Оьрсийчохь дохка гIерташ хилла иза.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Гуев Георгийна 2020 шеран Лахьан-беттан 20-чохь хан туьйхира террористашна ахча латторна. Юьхьанца 50 миллион сом дара дIахьажийна бохуш дуьйцург, цо и ахча 2015-2016 шерашкахь Сисатлинский Абу Iумаран "Мухаджирун" фонде хьажийна, чIагIдора талламчаша. Ткъа тIаьхьо дуьйцучу ахчан барам охьабаьккхира 7 эзар 201 соьманна тIе. Ша бехк а боцуш набахте кхачийна, чIагIдо Гуевс, цо дийцарехь, цхьацца мехкашкарчу къехошна гIунаш йохуш къахьоьгучу нахе хьажийна цо ахча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG