ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мискачарна гIо латтон кхоьллинчу ГIалгIайчоьнан  фондо ОМОН-н эскархошна гIагI диллина барзакъаш эцна


ОМОН-н белхахой, гайтаман сурт
ОМОН-н белхахой, гайтаман сурт

Къоман ГIалгIайчоь кхиоран фондо ткъа гIагI диллина барзакъ эцна, Украинехь тIемаш бечу махкарчу Росгвардин гIалгIайн ОМОН-н эскархошна.

"ГIалгIайчоь" газето хаамбарца, комплекташ юкъахь ю гIагI диллина жилеташ, таьжнаш, лерга юхку ладугIурш, микрофонаш, кест-кеста оьшучу молханийн гӀирсаш.

ГIалгIайчоь кхиоран Къоман фонд йиллина ши шо хьалха уггар хьалха гIийла бохкучу доьзалашна гIо латтон Iалашонца. Мехкан вице-премьеро Илезов Микаила элира фонд йоьллучу барамехь, цуьнан белхан коьрта Iалашо хир ю –регионерчу бахархошна гIо кхачош, дIататта йиш йоцу хеттарш листар коронавирусан пандемин муьрехь.

Масала, хьалхо фондо таро йоцчу доьзалашна бусулбачийн дезачу деношкахь жижиг оьцура, дарбанан хIусамашна оьшу гIирс латтабора, цIарах яьгна петарш юха меттахIиттош гIо а дора зенаш хиллачарна.

  • Дагестанерчу полицин масех белхахочо латкъамбира Товбеца-баттахь алапа тIера 10 процент бертаза сацийра шайн – "Донбассан хьашташна" хьажор ду аьлла.
  • Эскархошна лерина ахчанаш муха гулдо дуьйцу ахчанаш сецочаьрга – массо а хIуманца бала хьоьгу цара, чухула юхучу хечешна тIера дронаш тIекхаччалц аьлла, - дийцира Къилбаседа ХIирийчоьнан бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG