28 млн соьманна нохчийн пачхьалкхан филармонин чоь пайда эцийта елла Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Кадыровн "альтернативе казна" олу и фонд ша цхьаъ хилла бюджетан хьукмато дIакхайкхийначу оцу къовсамехь дакъа лоцуш.
Техническан кехаташца а догIуш, 2022-чу шеран Мангал-баттера ГIуран-батте кхачалц хIоттош ю арендан контракт. Соьлжа-Галара Лорсановн урамера 31 адресца йолу итт гIат а, латта бухахь шиъ машенаш дIахIотторан майданаш йолуш 50 эзар йиъкIов метр гIишло ю юьйцург. Оцу адресца ша филармони, Нохчийчоьнан культуран министраллин кабинеташ, Омаев Дагунан цIарах даздаран хIусам а ю. Иза цхьана батана дола эцаран мах 4 миллион сом бу.
Веккъа цхьаъ тендеран декъашхо бен воцучу тендеран контракт хIотторан бух балош хьахийна иштта дешнаш ду, цхьа а кхеторан текст йоцуш: "Шайн гIуллакхаш арахьарчу пачхьалкхашкахь лелош болу заказхошна аренде луш ю чохь нах ца беха гIишло, нах ца беха чоь, иштта кхечу пачхьалкхехь йолу нах беха чоьнаш".
2021-чу шарахь Кадыров Ахьмадан ц1арахчу фондо декларации йира, ша ахча ца даьккхича санна. Фондан куьйгалхойн информацица а догIуш, 2019-чу шарахь 6 миллиард соьмана наха ахчанаш дехкинехь (цул хьалха 2,2 миллиард), тIаьххьарчу шина шарахь оцу тайпа ахчанаш кхаьчна цахилар билгалдоккху фондо. Арахецначу хаамашца, 2021-чу шарахь Iалашонца йолчу харжашна цхьа а кепек яйина яц фондо. Иштта чот эксперташа "тамашена" ю элира коммерцехь йоцучу организацина.
- Кавказ.Реалиино журналистийн талламца тIечIагIдира, Кадыров Ахьмадан фондо шена тIеяздина хилар къора а, бIаьрса ледара а долчарна лерина интернатан корпусаш, иштта Пионерское эвлахь 120 охьахуу меттиг болу школа а. Ма-дарра аьлча, и белхаш бинера бюджетан чоьтах, пачхьалкххан цIарах оьшург оьцучу сайтехула – тIелецира кхочушъян Грозгражданстрой, ГУП "Орден дружбы народов Чеченское управление строительства им. Исмаилова", ООО "Геострой" компанеша.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу каналехь ара а хецна, ткъа юха дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран ду боху гIо кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Каналера видео къайлаелира, эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтича. Журналистана-талламчана Христо Грозевна хетарехь, Мариуполан бахархошна кадыровхоша лечкъийна сурсаташ декъна хиларан тоьшаллаш ду.
- "Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Иштта зорбанан гIирсаша хаамбора, фонде ахчанаш дахкар а, ахчанаш дайъар а цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю а олуш.