ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ММА-н латаршкахь Красноярскера спортхочо толам баьккхича, шакарш йиттина Соьлжа-ГIалахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

АСА 130 турнирехь тоьлла латархо лору Халиев Хьусайн эшийна ММА-н спортхочо Власенко Станислава. Красноярскерчу спортхочо толам баьккхича ца тайначу хьовсархоша шакарш йитттина, яздо "Подъем" телеграм-канало.

Турнирехь дакъалаьцна, шен махкахочуьнгахьа, дика вевзачу накъостехьа Халиевгахьа хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу бахьаница шакарш еттарш ца совцийна хила тарло цо, делахь а, тIаьххьара а латархочуьнгахьа гIо даьккхира Кадыровс куьйгаш детташ. Власенкос бахарехь, "Ахмат" клубан декъашхоша бехк цабиллар дийхира, хьовсархошкара даьллачух, спортхочо дош делла кхин а Соьлжа-ГIала ван.

Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьна хилла турнир кху бетан 3-чохь.

  • Хьалхо оцу кепарчу латаршкахь Нохчийчохь шеконе биллина толам дIабелира Кадыровн кIантана. "Подъем" ресурсо яздира цунах лаьцна а шайн агIонехь. ТIаьхьо бехкебира хаамийн гIирсаш шен дIахьедар харцахьа даккхарна. Кадыровн кIентан шеконе толамах лаьцна дуьйцучу хенахь Соьлжа-ГIалахь дIахьедира, хилла жамI нийса дара аьлла. Нохчийн парламентан спикера Даудов Мохьмада бехкбаьккхира зорбанашка, оцу тIехь пиар ян гIоьртина аьлла.
  • Дуьххьара дац Соьлж-ГIаларчу стадионехь харцонаш лелон. 2013-чу шарахь, микрофон чухула мохь тоьхна, арбитре Вилков Михаиле, "Вохкавелла кхелахо, газа ю хьо" элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG