ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ММА-н нохчийн латархочо Алиев Iамира дIахьедина хьалхо Парижехь лаьцна хилла ша дIахецна аьлла

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Парижехь лаьцнера ийначу кепехь долчу латарийн спортхо, Нохчийчуьра Алиев Iамир. Le Parisien газето бинчу хаамца, цунах шеконаш йара, цо зуда хьийзийна аьлла. Спортхочо бехк тӀе ца лаьцна, ша хӀинцале а дӀахецна, гӀуллакх дӀакъевлина аьлла цо.

Лахьан-беттан 22-чохь лаьцнера Алиев, францхойн ийначу кеперчу латарийн Ares къовсадаларшкахь толам баьккхинчул тIаьхьа. 2026-чу шарахь дуьйна ву иза церан Iуналлица летаршкахь дакъалоцуш. Газето йаздарехь, ша лоцучу заманчохь полицина дуьхьало йина а ца хиллера цо.

Iуьйранна "ЧП Грозный" гIирсо зорбане даьккхира Алиевн дIахьедар. Цо бохура, "цхьана сийдоцчу нохчийн йоIа" цIе кхоьллинера шена, "кIорггера талламаш бира", цул тIаьхьа бехкаш ца дохкуш, дIахийцира ша аьлла.

"Аьшпаш бу уьш, соьгара и тайпа хIума цкъа а дер дацара. Со хIинца маьрша ву. Францхойн полицино даредина, шаьш гIалат хиларна а, со бехкехиларх бух цахиларна а", - дIахьедина Алиевс пачхьалкхан ТАСС агенталлина йеллачу комментарехь.

27 шо ду Алиевн, иза вина Соьлжа-ГIалахь. Ша карьера йечу заманчохь йоккхаха йолу хан Оьрсийчохь йаьккхина цо, кху шарера схьа дуьйна Ares-н промоушено Iуналла а деш, дакъалоцу цо летаршкахь.

  • Дахначу кӀиранах Абу-Даберчу кхело хийцира, лахьан-беттан 11-чу дийнахь хьешан цIийнехь гуьржийн латархочуьнца Двалишвили Мерабца леттачу Дагестанера латархочун Нурмагомедов Iусманан а, цуьнан тобанан декъашхойн а хьокъехь бина хилла сацам. Йуьхьанца дов айдинчарна гӀуданаш а, йалх-йалх бутт хенаш а тоьхнера, цул тӀаьхьа махках а бохуш. Амма тIаьхьо гIуданаш тIе а эгийна, битира уьш. Кхо миллион ахмиллион сом гергга гIуда охьадилла деза церан. Оцу йукъанна, йуьхьанца кхайкхийна хилла гIуда кхин а шозза алсам дара.
  • Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцешна бухахь йолу "Абсолютан Чемпионат Ахмат" (Absolute Championship Akhmat – ACA) лерина йу Гергарчу Малхбалехь а, Японихь а бизнес шорйан. Кавказ.Реалии сайто къастийра Американо тоьхна дозанаш бахьана долуш, оцу хьелашкахь бизнес лелайойла дуй а, Соьлжа-ГIалина и лига стенна оьшу а.
​
XS
SM
MD
LG