ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мобилизаци бахьанехь зударшна белхан меттигаш евлла Нохчийчохь


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Гезгамашин-бутт бовш дуьйнна Нохчийчуьра зударий 11 процент кест-кеста балха кхийкха болийна, беттан юьххьехь хиллачуьнга хьаьжча, хаамбина Кавказ.Реалиига HeadHunter рекрутинган онлайн платформехь. Оьрсийчохь кхайкхийначу мобилизацица дузу иза эксперташа.

Гезгамашин-бутт бовш Нохчийчохь балха эца Iалашонца къамелдан кхайкхиначарлахь 65% зударий бара, кIира хьалха церан дакъа 54% хиллехь а. Билгале ду, Нохчийчохь цхьа наггахь бен цахилар мобилизаци хьакхалун 18 шарера 34 шаре бевлла нах балха кхойкхуш. Оцу юкханна, 2 проценте лакхадаьлла 55 шарал тIехбевлларш балха эцар.

Зударий балха оьцучу регионийн топехь бу Къилбаседа Кавказан мехкаш. Масала, ГIебарта-Балкхаройчохь иштта белхан хьокъехь къамелдан кхайкхар 16% даьлла (пачхьалкхехь шолгIа меттиг), Кхарачой-Чергазийчохь – 14% (кхоалгIа меттиг).

Мобилизацино Iаткъамбар къегина гучудер ду гIадужу-баттахь, билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь белхан меттигашкахула йолчу HeadHunter сервисан клиентийн эвсараллин агIонан куьйгалхочо Данина Натальяс.

"HR-декъийн балхаца баккхий хийцамаш бу тахана хуьлуш: йоллу организацеш декхаре ю мобилизацин кечамбаран гурашкахь барамаш дIабахьа, иштта эскаран гIуллакх дан хан йолчу бахархойн цара болх бечу а, доьшучу меттигашкахь учот йеш", - билгалдаьккхира эксперто.

Йоллу пачхьалкхехь а дукха хьолах балха кхуьйкху зударий 3% дукха гезгамашин-бутт болабелла хьалхарчу кIиранца дуьстича, билгалдаьккхира иштта компанин пресс-гIуллакххоша. Цуьнца цхьаьна зударийн резюмеш 59% тIера 62% кхиъна платформехь.

  • Оьрсийчохь юккъерчу барамал алсам алапа оьцучу пачхьалкхан регионашлахь аутсайдер елира Нохчийчоь. Рейтинган чакхенехь яра Къилбаседа-Кавказан йоллу регтионаш. "Рейтинг" РИА-н аналитикийн лараршца, тIаьххьарчу 12 беттачохь Оьрсийчохь юккъерчу барамехь оьцу алапа ду 52 эзар сом. Официалехь оццул ахча 31% процент болх бечу бахархоша бен ца оьцу.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-беттан жамIашца, Оьрсийчохь бахархошна мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа, - хеттарш дина ах бохург санна бахархой сингаттам, кхерам, оьгIазалла ловш схьабогIу. Церан синхIоттаман индекс охьайер ю мел кIезиг а 14 шерачохь. "Левада-центран" графика тIехь ду иза.
  • 2022-чу шеран дечкен-марсхьокху а беттанашкахь кхечу пачхьалкхашка дIабахана Нохчийчуьра 948 бахархой – стохка оццу хенахь хиллачуьнца дуьстича, терахь кхоазза лакхара ду. Иштта пачхьалкхехула дIасалеларш а алсамдевлла махкахь – Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан кхечу регионашка хаъал дукха дIаоьху нах, юха богIучу меттана.
  • 2021-чу шарахь Нохчийчуьра бахархоша оьцу алапаш 5% лахдира, оцу юкъанна республикерчу хьаькамийн а, финансийн сферера белхахойн а алапаш уггар лакхара ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG