ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мобилизацина дуьхьал нохчийн нанойн митинг хилла Брюсселехь


Брюсселера митинг
Брюсселера митинг

Гезгмашин-беттан 30-хь Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара нохчийн диаспорийн векалша митинг хIоттийра Оьрсийчохь дIакхайкхийна "юьззина йоцу мобилизаци" йолорна дуьхьал. Цигахь дакъа лецира Швейцарера, Германера, Францера, Австрера, Бельгера 50 сов зударша.

Европарламентан гIишлонна дуьхьал пикет хIоттийнарг йара бакъоларъярхо Газиева Фатима. Жигархоша тIамна дуьхьал долу плакаташ гайтира, масех маттахь резолюци а дIайийшира.

"Оцу адамалла йоцучу, боьхачу тIамехь рогIера тхан шортта нах байъар ловш ду тхо. Пачхьалкх дIалаьцначу тобано дIакхайкхийначу зуламечу мобилизацих вайн гергарнах ларбан беза вай. Эзарнаш кегийнах хIаллакхилийта а, хIокху шерашкахь нохчашна тIехь латтош йолчу геноцидан керла акт хилийта йиш яц вайн", - яздо кехатехь.

ТIаме хьийсорна дуьхьал машаре протест йе аьлла, кхайкхамбина диаспоран векалша Нохчийчуьра мобилизаци йечу кегийрхошка.

  • Къобалъязчу Нохчийн Ичкерия республикан Австрерчу векалалло дуьхьалонан акци дIаяьхьна Венехь. Цуьнан декъашхо хилла 300 стаг, шайлахь кхечу мехкашкара нохчийн диаспораш а, иштта Украинера а, Гуьржийчуьра а, Шемара а, Беларусера а жигархой болуш.
  • Гезгмашин-беттан 25-26-чу деношкахь мобилизацина дуьхьал протестийн акцеш хилира ХIинжа гIалахь. Кавказ.Реалиино дийцина ма-хиллара, гезгмашин-беттан 25-хь 120 гергга стаг дIалаьцнера – ницкъахоша еттара божаршна а, зударшна а. Царах бархIанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийра, шолгIачу дийнахь полицин декъашка 110 стаг валийра, царах мел кIезга а 28 кхиазхо вара. 30 гергга стагна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна. Масех стаг СИЗО хьажийна.
  • ХIинжа-ГIалин Советскан кхелан сайтехь арахийцира "митинган" артиклехула жоьпалле озош сацамийн тексташ – Дагестанехь мибилизацина дуьхьал хиллачу митингийн цхьамогIа декъашхошна гIуданаш а туьйхира, административан дIалецарш а хилира.
  • Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а хаамаш кхочу, Украине хьийсорхьама бахархошна мобилизаци йечу юкъанна низамаш хедадо, бохуш. Масала, Дагестанехь мобилизацин пункташка дуккха а бераш долу дай а, тIеман, йа армин зенделларг доцу божарий а, 35 шарал сов долу рогIера нах а балабо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG