ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могушалла Iалашъяран министраллан а, оперативан штабан а ун даьллачех терахьаш бIостане ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министраллан регистрехь пхоьазза сов ду пачхьалкхехь COVID-19 уьнца болчу нехан терахь, коронавирусца къийсам латточу оперативан штабан официалехь Iорадохучул а. "Медиазона", "Холод" "Медуза" (тIаьхьарниг оьрсийн Iедалша арахьарчу агентийн могIаре язйина, "Медузан" редакци реза яц оцу сацамна.-Реадкцин билгалдаккхар) гIирсаша юкъахь бинчу талламан жамIаш ду ишта. "Госуслуги" порталехь коронавирус текхначийн сертификатийн номерш теллинчул тIаьхьа дина оцу кепара хьесап журналисташа. Цаьрца а догIуш, Товбеца-бутт юккъе баьллачу хенахь номерш 29 миллионел сов яра- и бохург ду, ун даьлла нах дукха хиларца Оьрсийчоь дуьненахь 3-чу меттигехь хилар.

Оцу юкъанна, оперативан штабан зерашца, пандеми йолаелчхьана Оьрсийчохь вирус кхетта нах ялх миллионал а тIех бу. Оьрсийчоьнан Iедалхой кест-кеста бехкебо, коронавирусан инфекцин статистикаца хIилланаш лелорна.

Мангал-баттахь "Медиазонан" лараршца, пневмоних лечу нехан терахь 2020-чу шарахь 140 проценте лакхадаьлла, ткъа "къаналлех" кхелхачийн – 20 проценте. Хьостана хетарехь, регионаша цхьана Iалашонца лорура коронавирусах беллачу нехан хаъал долу терахь кхечу цамгарех кхелхича санна.

Карарчу баттахь Санкт-Петербургерчу могушалла Iалашъярехула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовсан Саран Андрейн "Комсомольская правда" радиостанцин эфирехь ларамза багара делира, шайн гIалахь билггал долчу коронавирусан хьолах. Цо дийцарехь гучудолу, Петербургехь ГIуран-беттан юьххьехь COVID-19 вирус 400 эзар сов стагаца къаьстина хилар.

Ткъа оперативан штабан офицаиалан статистикехь оцу хенахь дIахьедира, мел лахара а 140 эзар вахархо ву ун даьлла, аьлла. Терго йина цуьнан "Фонтанка" ресурсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG