ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могушаллица доьзна набахтера арайолучу бакъонах йаьккхина нохчийн оппозиционерий нана Мусаева Зарема


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан, тоьхна таIзар токхуш йолчу Мусаева Заремин могушаллин хьолах лаьцна дина жамIаш хийцина лоьрийн комиссино Нохчийчохь. Хьалхо хIоттийначу диагнозехь билгалдаьккхинера, шолгIачу кепехь йолу цуьнан диабет дуккха а чIагIйелла йогIу аьлла, ткъа хIинца йаздина диабет чолхаллаш йоцуш йу аьлла. Оцу тIехула Мусаеван дог дохийла йац могушалла бахьана долуш набахтера арайоккхур йу аьлла, кхетийна цуьнан адвокато Савин Александра.

Хьалхо бакъоларйархоша дийцира, Мусаевана даим а инсулинан а, лазар тедечу молханийн а барам совбоккхуш бу, цу тIе бIаьргашна дуьхьал марха а йеана аьлла. ХIетте а, вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана кхин дIа а Устрада-ГIаларчу набахтехь латтош йу.

2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.

  • Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • Вежарийн-оппозиционерийн нанна таIзар кхайкхочу дийнахь кхелехь дакъалаца доьдучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а тIелетар дира.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG