ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьмад Сулаев. "ДоIа"


Мохьмад Сулаев

"ДоIа"

Сан дегI, са а вовшашца

Барт байна догIу:

ГIерта уьш дIакъаста,

Витина со.

Стиглах схьадаьлла са

Стигла дIагIерта,

Лаьтто а шен чкъуьйриг

ДIаийзайо!

Йо, Дела, сан дегI, Ахь

ДIалахь а лаьтте,

Сан са Ахь дIахьолахь

Хьайн цIенчу хьаьтте!!!

XS
SM
MD
LG