ТIекхочийла долу линкаш

Iедалан лаккхарчу тIегIанахь а, низамхойн урхаллехь, динан урхаллехь, ю мел бохучу министараллашкахь, леррина кхеташонаш а еш дийцаре даьккхина Нохчийчохь интернет машанехула, телпон зIенах пайда а оьцуш берашна а, кхиазхошна а бан тарлуш болу харц тIеIаткъам. Муфтиятан куьйгалхошца а,къоман политикан, дешаран, хаамийн министарца Умаров Джамбулатца а, республикан хаамийн гIирсийн векалшца а ша юха а дIаяьхьанчу кхеташонехь мехкадас билгалдаьккхина тIекхуьу чкъор харц тIеIаткъамах лардархьама дан догIург. Интернетехь хааделла кхераме ловзаршца доьзна бераш кхетош кхиорехь массара а - диндайша а, дай-наноша а,хьехархоша а, Iилманчаша а,маьхькIамхоша а цхьаттерра дIа а дожаделла, и зулам къардарехь къахьегар тIедиллина Кадыров Рамзана. «..дай-наношна а хаа деза шайна тIехь жоьпаллин дукъ дуй, -боху мехкадас. -Бала а кхочуш тергонехь латто деза бераш, хийцамаш бу бац хьовсуш хила,хьашто ма-хилланехь бер гал ца долу некъ лаха беза, эшахь говзанчашка а орца аьлла а». Цу кепара самоне бехна куйьгалхочо дай-наной а, вайнехан юкъаралла а.

Ма-дарра аьлча доьшийлашкахь телпош лелор доьхкур ду аьлла хаам Iорабаьккхарх кхаъ хилла хьехархошна. Шаьш цу декъехь лайначу халонех дуьйцуш ву хьехархо Iаьрби.

Iаьрби: «И телпош юкъаевлчахьана а со дешархошкара уьш схьайохуш схьавеъна-кх. Уьш ца лелайойтуш дуьхьалонча вар-кх со. Аьхаза мел долчу хIумнашка хьоьжу цу чохь бераш. Зудабераш а тIехь хIумма а эхь а ца хеташ хьоьжуш хуьлу лартIа мел доцчаьрга, вовшашка гойтуш Iа,дIа а гуллой. Язза а ца деш хIума дац оьзда мел доцург. Хьажахь пхийтта шо бен дац оцу кIентан. Боьха мел дерг цо йоIе яздина,ишта боьха мел дерг йоIа дуьхьал яздина. Суна сайна а эхь хийтир-кх цуьнга хьажа а! Айса цуьнгара телпо схьаяккхарна а дохковаьллер-кх со, и агIо схьаеллаза велар со аьлла, цу тIе ваьллер-кх со.Оццул холча хIоьттинера… Ас хьан кIантера телпо схьаяьккхина хьуна, “Синий кит” ловзарех ловзийта аьлла хаам а бара хьуна цу чохь, ас аьлча «Дела реза хуьлда хьуна» элир-кх соьга цхьана нанас дай-нанойн гуламехь. Лелаяйта-м муххале а ца еза телпош ишколашкахь. Дукха гена даьлла цуьнца дерг. Боьха мел долчу хIуманашка марзлуш бу жималлехь дуьйна».

Iедалехь болчара а,боцчара а, хьехархоша а,Iилманчаша а-массара цхьабосса даре до оцу интернет машанехь дIаса мел яржочу маьттазалло,эвхьазалло берашна а,кхиазхошна а вочу агIор тIеIаткъам беш хилар.ХаОс.

Маршо Радио: Iедалхоша а, хьехархоша а, дай-наноша а шуьйра дийцаре деш ду, интернет зIе бахьнехь бераш а, кхиазхой а тидам тергоне эцар.

Iедалан лаккхарчу тIегIанахь а, динан урхаллехь, ю мел бохучу министараллашкахь,леррина кхеташонаш а еш дийцаре даьккхина Нохчийчохь интернет машанехула,телпон зIенах пайда а оьцуш берашна а,кхиазхошна а бан тарлуш болу харц тIеIаткъам. Муфтиятан куьйгалхошца а,къоман политикан, дешаран,хаамийн министарца Умаров Джамбулатца а, республикан хаамийн гIирсийн векалшца а ша юха а дIаехьначу кхеташонехь мехкадас билгалдаьккхина тIекхуьу чкъор харц тIеIаткъамах лардархьама дан догIург. Интернетехь хааделла кхераме ловзаршца доьзна бераш кхетош кхиорехь массара а - диндайша а,дай-наноша а,хьехархоша а, Iилманчаша а,маьхькIамхоша а цхьатерра дIа а дожаделла, и зулам къардарехь къахьегар тIедиллина Кадыров Рамзана. «..дай-наношна а хаа деза шайна тIехь жоьпаллин дукъ дуй,-боху мехкадас. -Бала а кхочуш тергонехь латто деза бераш,хийцамаш бу бац хьовсуш хила,хьашто ма-хилланехь бер гал ца долу некъ лаха беза,эшахь говзанчашка орца аьлла а». Цу кепара самоне бехна куйьгалхочо дай-наной а,вайнехан юкъаралла а.

Интернет машанах бераш а,кхиазхой а,кегийрхой вуно чIогIа бозабелла хиларца доьзна, йоккха гIовгIа лаьтта юкъараллехь. Хадам боллуш гIулч яккхарна тIеранаш а бу.И санначарна хетарехь ишколера дешна бовллалц божаберашна а,зудаберашна а телпош бIаьрга гайта а ца езара. «ХIара кегаелла ладегIаме зама ю. Когаш кIел бу бохам а. Воьдуш, вогIуш хIуъу а хила тарло. Цундела ца хилча ца йолу берехь телпо олу цхьаболчара. Уьш хабарш ю.Дика ду ло тIаккха, интернет чухула нека дан йиш йоцу 700-800 сом доккург. Ишта йораха телпо эца тIаккха берана. Ца оьцу, цIен моха боккхург оьцу». И къамел динарг ю СоьлжагIалара хьехархо Цакаева Малика.

Ма-дарра аьлча доьшийлашкахь телпош лелор доьхкур ду аьлла хаам Iорабаьккхарх кхаъ хилла хьехархошна. Шаьш цу декъехь лайначу халонех дуьйцуш ву хьехархо Iаьрби.

Iаьрби: «И телпош юкъаевлчахьана а со дешархошкара уьш схьайохуш схьавеъна-кх. Уьш ца лелайойтуш дуьхьалонча вар-кх со. Эвхьаза мел долчу хIумнашка хьоьжу цу чохь бераш. Зудабераш а тIехь хIумма а эхь а ца хеташ хьоьжуш хуьлу лартIа мел доцчаьрга, вовшашка гойтуш Iа, дIа а гуллой. Язза а ца деш хIума дац оьзда мел доцург. Хьажахь пхийтта шо бен дац оцу кIентан. Боьха мел дерг цо йоIе яздина,ишта боьха мел дерг йоIа дуьхьал яздина. Суна сайна а эхь хийтир-кх цуьнга хьажа а! Айса цуьнгара телпо схьаяккхарна а дохковаьллер-кх со,и агIо схьаеллаза велар со аьлла, цу тIе ваьллер-кх со.Оццул холча хIоьттинера… Ас хьан кIантера телпо схьаяьккхина хьуна, “Синий кит” ловзарех ловзийта аьлла хаам а бара хьуна цу чохь,ас аьлча «Дела реза хуьлда хьуна» элир-кх соьга цхьана нанас дай-нанойн гуламехь. Лелаяйта-м муххале а ца еза телпош ишколашкахь. Дукха гена даьлла цуьнца дерг. Боьха мел долчу хIуманашка марзлуш бу жималлехь дуьйна».

Iедалехь болчара а, боцчара а, хьехархоша а, Iилманчаша а-массара цхьабосса даре до оцу интернет машанехь дIаса мел яржочу маьттазалло, эвхьазалло берашна а, кхиазхошна а вочу агIор тIеIаткъам беш хилар.

XS
SM
MD
LG