ТIекхочийла долу линкаш

Рак къарйина, хIинца Монбланан бохь боккхуш ву иза

…«Кхана» бохург гал дац – кхана ду. ВорхI, шайна гонахарчу могуш-маьрша лелачу наха «пекъар» олуш хилла стаг ву Италинний, Францинний дозанашкара Европехь лекхачех лекха Монблан лам боккхуш.

Рак цамгаро лецнарш Латверчу виротерапиян центран Iуналлица стигала гIерта. Шайн амал, дегIан, дилхан ницкъ ракна духьалбахар – цунах олу виротерапия.

Массо а мехкашкара 7 лазар эшийнарг. Ломан муьлхачу тIегIане кхаьчна шу, хаьттира Маршо Радионо.

Жоп ша 3500 метр лакхахь, садаIа сецначохь, ло Нохчийчуьрчу Нажи-Юьртан къоштара араваьлла хьалагIертачу Эльсункаев Салижана.

Эльсункаев Салижан: "Анжентьер ю Шамонна тIехваьлча, Франци ю хIара. ...Со дуьненаюкъарчу проектехь ву, рак эшийначу нахах Латверчу центро вовшахтоьхна, пациент ву цуьнан, кху тобанца хьалгIерташ-м ву со.

Ши шо хан ю цамгаро лаьцна, операци а яйтина. ... Яхь дIа ца луш, чекхвер ву со. "Ракна дуьхьал - лаьмнаш", аьлла ю проект. Тхоьца цхьа зуда Iамеркара ю, Украинера а ю оцу цамгаро чIогIа лаьцна цхьаъ, Латвера а бу, Питерера. Ши лор а ву. Чекхвала хьожур ву со.

"Дала аьтто бойла!" - бохуш ву суна мел вевзарг а, сан цIера накъостий, гергара нах. Цундела хала а дац".

Шу стенна гIерта шайгахь хуьлийла а доцчу гIораца цу ирхене, меттахь, гонах гергарнаш а хьийзош, ца Iохкуш?

Ша-шех дош ала кхин тIекхаре а воцчу Салижана, пафос ца яржорхьама санна, юьстах дитира тхан хаттар.

Жоп иза раках денвеш хьийзинчу цуьнан вашас – иза цIахь, Нохчийчохь ву вай къамел деш – Надирсолтас делира телефонехула. Цо дийцира Салижана 4-чу, тIаьххьарчу стаде а яьлла, хьавзина рак муха эшийра. Цуьнан къамелехь го лаккхара мах болу вашалла.

Эльсункаев Надирсолта: "Ши шо хьалха чоже операци ян вахара Салижан Волгограде, ткъа цара шайн операци йинчул тIаьхьа, шек а бевлла, хаийтира цунна рак юйла.

Цхьа жин дIабаьккхира, шолгIачунна операци йира. Цо шена "хими" ца яйтира. Латверчу виротерапиян центрца сан гергарло дара, ас церан молханаш лелор хьийхира, нис а дира цунна и молханаш. Царех дарба хилла Салижанна.

Цул тIахьа вайн ГIалахь операци а йира цунна, иза дика а йирзира. ...61 шо ду цуьнан, ши кIант а, йоI а ду. Нажи-Юьртан кIоштара деладенна балха Соьлж-ГIала а лелаш, мехкан харжамийн комиссехь юридикан декъан куьйгалхо ву.

Монбланан буххье боьлху уьш берраш а онкологи лайна бу. Салижане дуьххьара къадийра проектан идея, цо иза тIе а эцна, цунна тIаьхьа вуьйш а хIиттира, иза реза хилча. Итт денна бу-кх цара бен некъ.

Дуьненна а рак эшалуш цамгар юйла, иза тIейоьжча кхера ца оьшу, ши куьг таса ца оьшу, дуьхьало ян еза, боху цара оцу шаьш арабаьккхинчу некъаца".

Маршо Радионо зIе латтайо кху муьрехь Монбланан буьххье гIертачу рак а, лам а эшо араяьллачу тобанца. Цуьнан хьалханчас, Iилманча а, аьпинист а волчу Репше Эйнара, вай тедеш, нохчочух лаьцна ша смс яийтира: «Салижан ледара вац! ЧIогIа дика гайти спортхо санна а, къонах санна а».

Монблан 4800 метр лекха бу. Кавказан лаьмнел лоха а бац цуьнан цхьаболу баххьаш. Иза Латверчу дуьненаюкъарчу виротерапиян центро, аьлча а, исторехь дуьххьара рако лецначех вовшахкхетта хьалагIертачу тобано толамца боккхур бу.

Рак эшорал совнах, чIоггIа лаьа оцу ворхIанна шайна Салижанера хезна а, шаьш къобалдеш а долчу доIанна жоп кхочийла. «Адам ден герз кхиош дойъу ахча рак, кхийолу хала цамгарш эшочу, мецанаш бузочу, декъазниг ирсе вечу Iалашоне диллийта ахь дуьнене, аьлла ду массарна а цхьаъ волчу Деле цара доьхург.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG