Британин арахьарчу гIуллакхийн министра Джонсон Борисана хетарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа Шемана кхин а ракетийн тохарш дан деза, хаамбо Associated Press агенталло.
“Иза мехала ду, цара (Iамерко) юха а дан дезара и санна дерг”, дIахьедира дипломато Италехь Iамеркан пачхьалкхан секретарца Тиллерсон Рексца къамел хилллачул тIаьхьа.