ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий-м Кадыровс Ιамор бара баха, ткъа хьан Ιамор бу оьрсий?


Оьрсийчоь -- "Москох массеран а ю" цIе йолчу гуламехь, Москох, 26Dec2010.
Оьрсийчоь -- "Москох массеран а ю" цIе йолчу гуламехь, Москох, 26Dec2010.

Деношкахь Москохахь нохчийн ши кIанттий, меттигера футболан фанаташший вовшахлатарца дозуш, оьрсаша а, церан хаамийн гΙирсаша а юха а сийсаздо нохчий къам. Оцу латарехь дакъалаьцна ши нохчийн студент хьийзорца чекхболуш бац полицин болх а, прессера дийцарш а. Леташ гина тешаш шайна тΙекхайкха доьлху шаьш, аьлла, студентийн Ιойле баханчу полисхоша кхин а гена яьккхина шайн накъосташа, деккъа нохчийн бераш бехке а деш, лелаен харцо.


Москох, «Европейский» олучу махбаран цIенна уллехь, масех де хьалха, «Спартак» футболан тобан фанаташца нохчийн шина кIентан латар нисдаларо гайтира Оьрсийчохь, къаьсттина яьккхийчу гIаланашкахь, къаьмнийн юкъметтигаш шо-шаренга мел долу телхаш схьайогIуш хилар.

Оцу улатарехь оьрсийн фанато тапча тоьхнера цхьана нохчочунна. Вукхо цунна урс тоьхна, дийцарехь. Видео а ю и пхи стаг лата дIавоьдуш. Хьалхаваьллачу оьрсийчунгахь карахь гуш ю цо вукху шинна тIехьежош йолу тапча. Иза тоаме ду, нохчочо цунна урс тохар, шен дахар лардеш дина хIума ду, аьлла, мах хадон, амма таханлерачу дийнахь иза,Ризванов Бекхан, во зуламна бехке.

Нохчо Iуьллучу дарбан хIусамехь гIарол лаьтта, иза ца вадийта. И тайпа хIума Оьрсийчохь хилча, Нохчийчохь долчу Iедалша лазаме тIеоьцу. Махкахь, пачхьалкхерчу кхечу гIаланашкахь санна, дац къаьмнаш къестор. Цундела и кеп ерриге а Оьрсийчохь а хилча дика хир дара, аьлла хета мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

Москох хиллачу тасадаларех лаьцна олуш, цо дIахьедар дина, аренца лелачу нохчийн кегийнахе, цара шайн амалш юхаоза еза, аьлла. Лата лууш велахь, ринга тIе а ваьлла, лата веза, боху цо. Мехкан дозанал арахь доьшуш а, бехаш а болчу нохашца кхеторан болх республикан куьйгалхочо тIебиллина Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан депутат волчу Делимханов Адамна.

«Европейский» центрана уллехь и тасадалар хиллачул тIаьхьа, Ризванов Бекхана доьшучу Пачхьалкхан Классикан академе еана ОМОН. Оцу доьшийлана хаьлхахь, машенаш дIахIитточу меттехь, нохчийн студенташца летта, аьлча а, царна йиттина нохчаша, аьлла, дийца долийра хаамийн гIирсаша. Ткъа ма-дарра долу гIуллакх интернетехь, Ютюб сайта тIехь йолчу видеокийсиго гойтуш ду. Корехула иза яьккхина цигахь доьшучу цхьана нохчийн йоIа. Гуш ду цигахь бух а боцчу къизаллийца нохчийн студенташна герзах боьттинчу полисхоша етташ. Оцу йоIа шен гучу харцонах Iадийна, елхаран къурдаш до.

Видеокийсиго гойтург даредо, оцу лаккхарчу доьшийлан ректор йолчу Ирина-Коган Вероникас. Цо ма дарра дерг дийцина федералан телеканалашкахь ша интервью луш. Амма, цхьаммо а иза ца гайтина, бохуш ю иза. Цуьнгара интервью оьцучу хенахь, мобилан телефонца яьккхина видео а ю Ютюб тIехь. Цигахь цо нохчийн студенташ бехке ца бо хиллачунна.

Ирина-Коган Вероника: "Суна герз долуш хезира. Со балкон тIе елира. Кхузара суна гира, лаьттахь Iуьллу сан кхо студент. ХIинца видео тIехь толлуш ю со, уьш мел–масса хилла. Суна гира царна гIаш юккъе мийраш бетташ. Царна тIелаьцна герз гира, тIебетташ герзийн мукъ а бара. Со, когара мачаш а яьхна, охьахьаьдира цига, дийцарехь, масех секундехь кхиина со иза дан. Суна хаьара, со сихха цига тIекхиа езийла, хIунда аьлча, ца кхиича, декъий охьдахка мегаш дара цигахь".

И болх бечу ОМОНца гIовгIа а яькхкина, и къизалла сацаяйтина ректоро. Низамхой дIабахана шайца нохчийн I7 студент а эцна. Царах 2-3 воцург, верриг а аравалийтина цара, амма шаьш дукха сиха арз дина прокуратуре, студенташа шайна йиттина, аьлла. Иза аьттехьа а ишшта цахилар даредо Пачхьалкхан Классикан академин ректора Ирина-Коган Вероникас.

Ирина-Коган Вероника: Тхан проректорна гина омонхоша прокуроре яздинарг, тхан студенташна шайна йиттина, хьалха хиллачу латаран талламаш бан шаьш даьхкича, шайна цара новкъарло йира, аьлла, арз дина кехатца. Кхузахь Нохчийчохь боллу тIом эккхийтинера цара. Ас талламхочуьнга телефон туьйхира, иза муха кхето деза, аьлла. Вукхо ша соьца прокуратуре а, стенгга а вогIур ву, элира, сурт ишшта хилла доцийла дийца. Ша кхеташг вац, бохура цо, хуьлучух, амма цо дош делира, дерриг а дика хир ду, аьлла.

«Европейский» махбаран цIенна хьалхахь хиллачо дагалоцийта Нохчийчохь 15 шарахь лелларг. Иза нохчашна цкъа а дицлур доцийла тидаме а ца оьцу цхьаммо а. Къизачу шина тIамехь нохчаша лайна бала а, къизалла а сихоцна йицъян гIерта Iедалш. Дукхахболу нохчий а кийча бу, шайн тIаьхьалонан дуьхьа иза дан.

Амма, хуьлуш дерг а, хилларг а дижийта лаам болчух тера дац Оьрсийчохь цхьаболчу ницкъашна. Москох и латар хилла ши де далале, интернетехь кхин цхьа видео яьржина оццу Ютюб тIехь. Коьртах Iаьржа туьтмIаьжиг а йоьллина, цхьана стага кхайкхам бо, оьрсаша дуьтур дац кавказхоша шайна ден зуламаш, шаьш хIаллакбийр бу уьш, бохуш.
XS
SM
MD
LG