ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца кхелаш а шен долаерзош ву Путин


Фемидас бихкинчуьра баьстина бIаьргаш (нийсо эшна боху маьIна).
Фемидас бихкинчуьра баьстина бIаьргаш (нийсо эшна боху маьIна).

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира конституци хуьйцуш проект чуелла Пачхьалкхан думе – дехна коьрта ши институт, Лакхара кхел а, Арбитражан кхел а цхьаьна а тьохна, шатайпа «супер» кхел юкъаяккхар. И гΙулч низам чΙагΙдарехьа йоккхуш яц, бухадиллинарг политикан бахьана ду аьлла хета эксперташна. Хийцамах лаьцна артикл араяьккхина Маршо Радион Москохарчу корреспондента Балмфорт Тома.




Арбитражан кхел коррупцех мелла а маьрша ю, олуш дара Оьрсийчохь. Амма цуьнан зама а кхачийначух тера ду.

ХΙинца Кремло иза Лакхарчу кхелах дΙаэяро экономикаца дозу девнаш а Лакхарчу кхелан доладоху.

Путинан кепо «супер» Лакхарчу кхеле дезадо дерриг а. 170 суьдхочо луьстуш хир бу бехк-такхамаш, бахархошлара кегий девнаш, административан а, бахамаллин а цакхетамаш. Президентна хетарехь, шина кхело кеп-кепара луьстуш а, кхетош а хир дац хΙинца я даккхий а, я кегий а зуламаш, царех дерг цхьана урхалло дерзош хир ду.

Амма критикаша бахарехь, оцу гΙулчо Кремлана гергаозабо, цуьнан карахь дΙачΙагΙбо кхелашкахь лелла ницкъ. Царна гарехь, Путина пачхьалкхара массо а архаш шен долаерзош схьабахьа некъ бу иза, цхьа кхел кхечу кхелан долаяккхар.

Москохарчу адвоката Клювгант Вадим а ву оцу кхетамца.

Клювгант: «15 шо ду кхелаш цхьана хорша йоху болх болийна. Бюрократин кога кΙел хьош ю кхелаш. И Ιалашо кхочуш еш-м хΙинцале а дина дуккха а. Оцу процессан юьхьиг ю-кх схьагуш ерг, амма яц юьхьиг бен а».

Арбитражан кхел Лакхарчу кхелан долаерзорах долу къамел дуьххьара дира Путина Петарбухарчу экономикан саммитехь. «Шина кхелан сацамаш кеп-кепара, вошашна бΙостанехьа бовлуш нисло», - элира цо хΙетахь.

Премьер-министрца Медведев Дмитрийца юридикан факультетехь цхьана дешначу Иванов Антона дΙалелош йолу Арбитражан кхел дикка хан яра бахархоша, мелла а тешаме а, нийсонехь а ю шен сацамашкахь бохуш, юьйцу. Цундела эксперташна нийса ца хета Путина иза йохон кхачор.

Клювгант: «Суна цхьа а диканиг ца го оцу реформехь. Хийцамах пайда хир бу аьлла а ца хета суна. 170 суьдохочух а лаьтташ, муха бийр бу болх Лакхарчу кхело? Муха хир ду церан гулбалар, юкъара хьелаш дийцаре дар? Хир юй те цунах цхьа чарх?»


Арбитражан кхел Лакхарчух дΙатохар хьекъале дац, девнаш нийса луьстур ду ала а дац цул тΙаьхьа, элира Маршо Радиоца къамелаш деш интеллектуалан бахам Ιалашбаран юридикан агΙо къоргга хаарца евзаш йолчу юриста Новоселова Людмилас а, гоьваьллачу адвоката Резник Генрис а.

Царна а хета Путин Владимира хийцамна уггаре хьалха бухадуьллург Ιедал доладерзор ду аьлла.

«Московский комсомолец» газето шен прогноз а йовзуьйту Путина дагалаьцначун. Цунна хетарехь, ши кхел вовшахтоьхначул тΙаьхьа президента даржера воссор ву Медведев Дмитрий. «Халахета, кхин, мелла а бораха некъ премьер хийца ца карийна», боху газето.

Москох политикан тергамхо ву Прибыловский Владимир. Иштта ду цунна хетарг а.

Прибыловский: «Низам лардарехь ечу интерграцино шеконаш кхуллу. Цхьа кадрийн интрига ю кхузахь юцуш».
XS
SM
MD
LG