ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь болх беш хилла Нохчийчуьра полисхо къоман билгалонца балхара дIаваьккхина


Гайтаман сурт

Хьалхо цигахь гIуллакх деш хиллачу Нохчийчуьра вахархочо Идрисов Ахьмада Москвахула йолчу ГУ МВД-н хьокъехь дина дIахьедар толлуш ду Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Бакъо йоцуш органашкара ша дIаваккхарх а, къоман билгалонца дискредитаци лелорах а хаийтина цо.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, Москварчу бехктакхаман гIуллакхаш толлучу цхьадолчу декъан хьаькам хилла Идрисов. 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь дIаваьккхира иза чоьхьарчу гIуллакхийн органашкара. Нохчийчуьрчу полисхочо тIедожийнера, ша балхара вохош дина омра бакъонехь цахилар а, "сий, доьналла, белхан репутаци бехъйеш" хилар лара аьлла.

Цунна хетарехь, билггал иза даржах ваккхаран бахьана ду цуьнан къам – оцу долчунна тIехула цо иштта иск чуйелла шахьарерчу МВД-н куьйгалле. Идрисовн иск ах къобалйина Нохчийчуьра Теркйистерчу кхело, иза балхара дIавоккхуш дина омра низамехь цахилар тIе а чIагIдеш, кхелана цо дайъийна хилла 271 эзар сом компенсацица метта а хIоттош. Москварчу ГУ МВД-н дIахьедарца, кхелан харжан барам охьабаьккхинера 200 эзаре.

  • ХIинжа-ГIаларчу Советский кIоштан кхеле яьлла Талламан комитет, МВД-н белхахочунна Набиев Байдарусна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх сацор доьхуш – хьалхо иза бехкевинера лаьцна хиллачу меттигерчу вахархочунна хIотточу протоколца фальсификаци лелорна.
  • Дагестанехула йолчу МВД-н урхаллин масех белхахочо латкъамбинера, товбеца-беттан алапа тIера итт процент бертаза сацорна – "ДНР" а, "ЛНР" а олучу республикашна гIоьнна хьажош ду аьллера ахча. Цунах лаьцна дIахьедира махкарчу полицера редакцин масех хьасто. Информаци фейк ю элира урхаллин пресс-гIуллакххоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG