ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертаза Нохчийчу дIавигна Москвахь лаьцна Дагестанан вахархо


Дагестанан вахархо Селимханов ИбрахIим Москвахь лачкъийна, Нохчийчу дIавигна хилла. Бакъоларъярхойх лаьцна цуьнга дийцийта Iалашонца вигнера иза, яздо "Медиазоно" "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машана" тIетевжина.

Москварчу "Новогиреево" метрон социйлана уллехь могIарерчу бахархойн духарехь, нохчийн маттахь къамел ден виъ стаг тIевеанера Стигалкъекъа-беттан 15-чохь Селимхановна. Цуьнгара кехаташ схьадаьхнера цара, Внуково аэропортехь Соьлжа-ГIала доьдучу кемана а хаийна, цигарчу полисхойн каравеллера. Кавказерчу ЛГБТ-н векалшна гIо дечу "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанах" лаьцна информаци хиттинера цуьнга.

Цхьа хан яьлча Соьлжа-ГIаларчу Селимханов ненахошка дIавеллера, цигахь латтош хиллера иза полисхойн хаддазчу тергонехь. ХIетте а цуьнан кадаьллера ведда, Москва дIаваха. Полице латкъам бина цо, ша лачкъорна.

  • Дуьненчуьрчу 29 пачхьалкхо карладаьккхина Оьрсийчоьнан Iедалхошна, Нохчийчоьнан дозана тIехь ЛГБТ-чу нахана тIаьхьабевлла леларна таллам тIедожор. 2018-чу шарахь Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнабелхан а вовшахтохараллан (OSCE) эксперто дина хьесапаш ду кхузахь дуьйцурш. Цунна карийнера Нохчийчохь лелочу кхин долчу дуккха а бакъонаш хьешарца, "тIаьхьа-хьалха ЛГБТ-н векалшна дуьхьал дохучу зуламех гуш долу тоьшаллаш" а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG