ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь "Мемориал" центрана тIелатар дина яьххьаш хьулйинчу наха


Москвахь бакъонашларъян "Мемориал" центран офисна (арахьара агент лаьрра ю Оьрсийчоьнан Iедалша) тIелатар дина иттаннаш наха. Инцидент хилла еарин сарахь ХIолланд Агнешкин "Гарет Джонс" цIе йолч фильм гойтучу хенахь. Цуьнга хьажар вовшахтоьнера "Мемориала"Польшин культуран центрца цхьаьна.

Свобода Радионе "Мемориалехь" дийцина ма хиллара, фильм дIайолаелла иттех минот ялале зал чулилхина туьтмIаьжгаш йоьхкина адамаш, массо охьа вижа, бохуш, маьхьарий а детташ.

Дукхаха болу хьажархой кхерабелла хилла, хуьлург закъалтхой леца дагахь зуламхоша дина тIелатар ду моьттуш. Цул тIаьхьа тIелатар динарш лийна фильме хьажа гулбеллачарна "фашисташ" ду бохуш, "Долой!" а, "Уходи!" а лозунгаш а кхийкхош.

Кхин хIара ду аьлла хууш хIума дац тIелатар динарш муьлуш хилла а, цара иза даран бахаьнах а лаьцна.

ТIелатар деш гойтуш хиллачу фильмехь дуьйцуш ду Украини территори тIехь голодомор олу мацалла иккхинчу хенахь СССР пачхьалкхе вахна хиллачу а, оцу бохаман теш хиллачу а Британерчу журналистах лаьцна.

Полици тIекхачале лаца аьтто баьлла кхо стаг. И кхоъ дIавигна полицин декъе. Цул тIаьхьа полисхоша "Мемориалан" гIишлонна го бина. Фильме хьажа баьхкина хилла хьеший дIабахийтина, ткъа вовшахтохараллан белхахой совцийна.

ГIишло теллина полисхоша, буьйсанна 2 сахьт долуш бакъонашларъон центран офис а йитина дIабахна уьш. "Мемориалан" белхахошна бакъо елла арабовла. Лаьцна стаг ву аьлла хаам ца кхаьчна.

Полисхой дIаяхьа гIерташ хилла "Мемориалан" техника, комьютерш а цхьана, амма эххаре а цара шайца дIаяьхьна цIе яьлча хаам бечу сигнализацин цхьа дакъа а, видеорегистратор а.

Дуьненаюъкара историн а, хилларг довзийтаран а, гIо-накъосталлин а, бакъонашларъйон а юкъаралла "Мемориал", коммерцица йоьзна йоцу вовшахтохаралла ю, СССР йолчу хенахь а, кхузаманахьлерчу Оьрсийчохь а политикан репрессеш лелор толлуш йолу а. Оьрсийчоьнан юстицин министралло "иноагент" лаьрра иза 2014-чу шарахь. Историн а, хилларг довзийтаран юкъаралла арахьара агент лаьрра 2016-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG