ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь Нохчийчуьра гей лачкъор листа шозза дуьхьал хилла таллам


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москван кIоштийн юккъера Перовскан прокуратуро юха а тIедожийна талламна Нохчийчуьра гей Селимханов ИбрахIим лачкъор листар, 2021-чу шарахь нуьцкъаха Соьлжа-ГIала дIавигинера иза.

Сацам марсхьокху-баттахь бинера, амма Селимхановна тIехIоьттина волчу СК SOS кризисан тобанца юкъаметтиг лелош волчу адвокате Алексеев Марке ши де хьалха бен ца кхаьчна иза кхел йоьдучу юкъанна.

"Тхан практикехь низам лардаран органаша оьшучул тидам ца бо Къилбаседа Кавказехь а, доккхачу декъанна ЛГБТК+ юкъараллина дуьхьал зуламаш дарна. Масала, баккъала таллам ца бина Лосанова Амната, Лапунов Максима а динчу аьрзнашна тIехула", - билгалдаьккхина СК SOS кризисан тобанан векало Розанов Мирона.

Бакъоларъярхочо дуьйцу, Селимханов ИбрахIиман гIуллакхехь билггал арзхо ву ша нуьцкъаха лачкъорах лаьцна дIахьедеш, амма Талламан комитет сихлуш яц бехктакхаман гIуллакх делла. Карарчу хенахь, бигалдоккху Розановс, Iаламат хала рогIера вада аьтто баьлла волу Селимханов кхерамазаллехь ву Оьрсийчоьнан дозанал арахьа.

Билгалдокхху, 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Селимханов ИбрахIим Москварчу метрон уллохь лачкъийра – нохчийн мотт а буьйцуш, рогIерчу вахархочун бедарш йоьхначу бевзаш боцчу наха лачкъа а вина, нуьцкъаха машена чу а тоьхна, "Внуково" аэропорте дIавигира иза, цултIаьхьа Соьлжа-ГIала йоьдучу рейсаца дIа а хьажийра. Соьлжа-ГIалахь лачкъийнарг левира, бакъоларъярхойх лаьцна дийца бохуш, тIаккха гергарчу нехан кара дIавелира. Шена вада меттиг а лехна, новкъахь кхетачу машенашца Нохчийчуьра дIавахара иза.

  • Хьалхо хаамбора, Москварчу Первомайская кIоштийн юккъерчу прокуратуро "Новогиреево" ОМВД декхаре йира Дагестанера 21 шо долу вахархо Селимханов ИбрахIим лачкъор талла. Жимачу стеган гергарчеран цуьнан ориентацица болу цабезам бахьана долуш Селимханов цIера ведира, тIаьхьо Нохчийчу дIавигира иза, амма хIинца кхерамазаллехь ву. Билгалдоккху, Селимханов Дагестанехь вина хилар, амма кхиъна иза Нохчийчоьхь.
  • Товбеца-баттахь бакъоларъярхочо Кочетков Игоря МВД-на а, Талламан комитетана а, прокуратурина а тIедожийра Соьлжа-ГIалара вахархо Дадаев Ризван цуьнан сексуалан хьежамашна тIехула дIалацарца долу гIуллакх таллар. Жимастаг верна кхоьрура иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG