ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москван мэрино полице дIалур ду mos.ru порталах пайда оьцучу нехан суьрташ


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москван мэри дагахь ю mos.ru порталах пайда оьцучу нехан суьрташ дIадала полицино лелочу яьххьаш йовзаран системе. Цунах лаьцна яздо Свобода Радионо, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш.

Газето далочу документца а догIуш, и гIуллакх кхочушдийр долчу компанино mos.ru порталехь процедура кечъян езар ю, суьрташ гул а дина, дIахьажо Москван УМВД-н хаамаш гулбон а, тергам баран камершна тIера суьрташца болх баран а, яьххьаш йовзаран а системина тIетесначу цхьааллин центре.

Цул сов, Iедалша гулбийр бу смартфонашна тIера хаамаш а. 236 миллион сом мах болу контракт кхаьчна Пермехь регистраци йинчу "Брайт софт" компане.

Хьалхо хаам бинера, мэрино 130 миллион сом дойъур хиларх лаьцна, яьххьаш йовзаран системина модернизация ян, суьрта тIехь верг мила ву къастийна ца Iаш, оцу стагана техь тергам бан а аьтто хилийта.

  • Яьххьаш йовзаран система болх бан йолаелла Москвахь 2017-чу шарахь. Карарчу хенахь, мэрино бинчу хаамца, гIалахь дIахIоттийна ю 200 эзар сов камера а, кхиболу гIирс а – урамашкахь а, майдаанашкахь а, цIеношна хьалха а, гIишлон чуволашкахь а.
  • Бакъонашларъярхоша кхайкхамаш бо Оьрсийчохь яххьаш йовзаран системан балхна доза тоха деза бохуш, нахах лаьцна хаамаш хьаштдоцчу нахе ца кхачийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG