ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу метро чохь лелхийтарш дарна бехкевина дагестанхо кхин дIа а лаьцна вуьтуш ву


Нуров Мохьмад. Архивера сурт
Нуров Мохьмад. Архивера сурт

2010-чу шарахь Москварчу метро чохь теракташ вовшахтохарна бехкевечух цхьаъ, Дагестанера вахархо Нуров Мохьмад, кхин а ялх баттана чохь латтош хан дIаяхъйина ШолгIачу Малхбузен гонашкарчу декъан кхело. 2022-чу шеран Зазадокху-беттан 27-чу кхаччалц лаьцна вуьтур ву иза, яздо "Коммерсанто".

Нуров бехкево ши терроран тохар дарна. Нагахь санна, гIуллакх кхеле а кхачахь, цунна буьллу бехк тIе а чIагIбахь, 15 шарера 20 шаре кхаччалц, йа велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна. Цуьнан хьокъехь дов хатта буьйлабала дагахь бу карарчу беттан 25-чохь ШолгIачу Малхбузен гонашкарчу декъан кхелехь.

Карладоккху, 2010-чу шеран Зазадокху-беттан 29-чохь шина Iожалхочо эккхийтар дира Москварчу метрополитенан "Лубянка" а, "Парк культуры" а цIераш йолчу социйлашкахь Iуьйранна адам даьржинчу хенахь. 41 стаг велира, 80 сов вара лазийнарг хIетахь.

Хьалхо хааме даьккхира, Москварчу Басманан кхело, Кизляран кIоштарчу полицин урхаллехь хилла инарла Исаев ГIази кхаа баттана лаьцна вуьтуш сацам бина аьлла. Талламан версица, цхьахйолу Iожалхо машенахь дIайигина хиллера цо автовокзале. Цигара дIа Москва яханера иза, шеца оьккхуьйтург а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG